Сурат 6 Аль-анIам (АнIам), аят 151 – 152

  1. قُلْ تَعَالَوْا أَتْلُ مَا حَرَّمَ رَبُّكُمْ عَلَيْكُمْ ۖ أَلَّا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا ۖ وَلَا تَقْتُلُوا أَوْلَادَكُمْ مِنْ إِمْلَاقٍ ۖ نَحْنُ نَرْزُقُكُمْ وَإِيَّاهُمْ ۖ وَلَا تَقْرَبُوا الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ ۖ وَلَا تَقْتُلُوا النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Схьадуьйла‚ ас дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг: аш цуьнца цхьанна хIуманца накъост цалацар а‚ деца-ненаца дика хилар а. Шайн доьзалш ма байа мацаллах /кхоьруш/- Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачунна герга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлаха долчух а. Са ма делаш, ша Дала хьарам дина долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале

    6:151
  2. وَلَا تَقْرَبُوا مَالَ الْيَتِيمِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُ ۖ وَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ ۖ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَإِذَا قُلْتُمْ فَاعْدِلُوا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۖ وَبِعَهْدِ اللَّهِ أَوْفُوا ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    Боберан даьхнина герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц. Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цунна ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш), гергара велахь а. Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш

    6:152

Гочдар: Магомед Магомедов