Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 151 – 154

  1. قُلْ تَعَالَوْا أَتْلُ مَا حَرَّمَ رَبُّكُمْ عَلَيْكُمْ ۖ أَلَّا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا ۖ وَلَا تَقْتُلُوا أَوْلَادَكُمْ مِنْ إِمْلَاقٍ ۖ نَحْنُ نَرْزُقُكُمْ وَإِيَّاهُمْ ۖ وَلَا تَقْرَبُوا الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ ۖ وَلَا تَقْتُلُوا النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Āла /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'Схьадуьйла‚ ас дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг: аш цуьнца цхьанна хӀуманца накъост цалацар а‚ деца-ненаца дика хилар а. Шайн доьзалш ма байа мацаллах /кхоьруш/- Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачунна герга ма гӀолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлаха долчух а. Са ма делаш, ша Дала хьарам дина долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале

    6:151
  2. وَلَا تَقْرَبُوا مَالَ الْيَتِيمِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُ ۖ وَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ ۖ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَإِذَا قُلْتُمْ فَاعْدِلُوا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۖ وَبِعَهْدِ اللَّهِ أَوْفُوا ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    Боберан даьхнина герга ма гӀолаш дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц. Терза нийса озалаш. Оха тӀе ца дуьллу сина цунна ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш), гергара велахь а. Делаца йина ваӀда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш

    6:152
  3. وَأَنَّ هَٰذَا صِرَاطِي مُسْتَقِيمًا فَاتَّبِعُوهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعُوا السُّبُلَ فَتَفَرَّقَ بِكُمْ عَنْ سَبِيلِهِ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    ХӀара Сан некъ бу нийса берг – тӀаьхьахӀитта цунна‚ тӀаьхьа ма хӀитта кхечу некъашна – цара дӀакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо (Дала) шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш

    6:153
  4. ثُمَّ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ تَمَامًا عَلَى الَّذِي أَحْسَنَ وَتَفْصِيلًا لِكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَعَلَّهُمْ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ

    ТӀаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниӀмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хӀор хӀуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу- уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарх тешаш хила ма мегара

    6:154

Гочдар: Магомед Магомедов