Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 155 – 165
-
وَهَٰذَا كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ فَاتَّبِعُوهُ وَاتَّقُوا لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
ХӀара а жайна /Къуръан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тӀаьхьахӀитта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара
6:155 -
أَنْ تَقُولُوا إِنَّمَا أُنْزِلَ الْكِتَابُ عَلَىٰ طَائِفَتَيْنِ مِنْ قَبْلِنَا وَإِنْ كُنَّا عَنْ دِرَاسَتِهِمْ لَغَافِلِينَ
Аш ца алархьама: 'Тхол хьалха хиллачу шина тобане доссийна жайна‚ тхо хилла уьш Ӏамарх гӀопал (тхуна ца ма уьш-тхан маттахь дац уьш'
6:156 -
أَوْ تَقُولُوا لَوْ أَنَّا أُنْزِلَ عَلَيْنَا الْكِتَابُ لَكُنَّا أَهْدَىٰ مِنْهُمْ ۚ فَقَدْ جَاءَكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ كَذَّبَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَصَدَفَ عَنْهَا ۗ سَنَجْزِي الَّذِينَ يَصْدِفُونَ عَنْ آيَاتِنَا سُوءَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يَصْدِفُونَ
Я аш ца алархьама: 'Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царал а нийса хилла хир дара тхо'. Еана шуьга билгало шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву ткъа зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царах /нах/ дӀатилинчул? Бекхам бийр бу Оха Тхан аятех /нах/ дӀатилинчарна вочу Ӏазапца цара уьш тилош хилар бахьанехь
6:157 -
هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا أَنْ تَأْتِيَهُمُ الْمَلَائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ رَبُّكَ أَوْ يَأْتِيَ بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ ۗ يَوْمَ يَأْتِي بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ لَا يَنْفَعُ نَفْسًا إِيمَانُهَا لَمْ تَكُنْ آمَنَتْ مِنْ قَبْلُ أَوْ كَسَبَتْ فِي إِيمَانِهَا خَيْرًا ۗ قُلِ انْتَظِرُوا إِنَّا مُنْتَظِرُونَ
Хьовсур буй-те уьш шайга маликаш дахкаре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ дахкаре? Хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ даьхканчу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан иймано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь я шен ийман чохь гулдина диканиг дацахь. Ахь āла: 'Хьовсуш Ӏе шу – тхо а хьовсуш ду'
6:158 -
إِنَّ الَّذِينَ فَرَّقُوا دِينَهُمْ وَكَانُوا شِيَعًا لَسْتَ مِنْهُمْ فِي شَيْءٍ ۚ إِنَّمَا أَمْرُهُمْ إِلَى اللَّهِ ثُمَّ يُنَبِّئُهُمْ بِمَا كَانُوا يَفْعَلُونَ
Баккъалла а, шайн дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш – хьо царах ма вац хьуна цхьанна хӀуманна тӀехь‚ церан гӀуллакх Деле ду. ТӀаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг
6:159 -
مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ عَشْرُ أَمْثَالِهَا ۖ وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Диканиг деъначунна цунна итт цунах тераниг ду. Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац
6:160 -
قُلْ إِنَّنِي هَدَانِي رَبِّي إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ دِينًا قِيَمًا مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۚ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала (нийса) дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тӀевирзина хилла волчу ИбрахӀиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахӀим/ ца хилла мушрикех'
6:161 -
قُلْ إِنَّ صَلَاتِي وَنُسُكِي وَمَحْيَايَ وَمَمَاتِي لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Āла: 'Сан ламаз а‚ сан Ӏибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Ӏаламийн Да хилла волчу
6:162 -
لَا شَرِيكَ لَهُ ۖ وَبِذَٰلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُسْلِمِينَ
Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со хьалхара муьтӀахь верг ву'
6:163 -
قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَبْغِي رَبًّا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَيْءٍ ۚ وَلَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ إِلَّا عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ مَرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Ахь āла: 'АллахӀ воцург /кхин/ лоху ас Кхиош-кхобург (Дела)? И ма ву массо а хӀуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хӀор синна шена тӀехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь. ТӀаккха шун дӀадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг
6:164 -
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ الْأَرْضِ وَرَفَعَ بَعْضَكُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۗ إِنَّ رَبَّكَ سَرِيعُ الْعِقَابِ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тӀаьхье‚ шух цхьаберш вукхарал даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таӀзар дарехь‚ И гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву
6:165
Гочдар: Магомед Магомедов