Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 21 – 30

  1. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ ۗ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ

    Мила ву зуламе Далла тӀе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул? Баккъалла а, бакхийбийр ма бац зуламхой

    6:21
  2. وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُوا أَيْنَ شُرَكَاؤُكُمُ الَّذِينَ كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо а‚ тӀаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: 'Мичахь бу шун накъостий‚ шуна шаьш /делий бу / моьттуш хилла болу?'

    6:22
  3. ثُمَّ لَمْ تَكُنْ فِتْنَتُهُمْ إِلَّا أَنْ قَالُوا وَاللَّهِ رَبِّنَا مَا كُنَّا مُشْرِكِينَ

    ТӀаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: 'ВаллахӀи‚ тхан Кхиош-кхобучух дуй ма боу оха: тхо ма ца хилира /Делаца/ накъост лоцурш '

    6:23
  4. انْظُرْ كَيْفَ كَذَبُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ ۚ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Хьажал! Муха харцлийна уьш шаьш шайна тӀехь! ДӀатилира царах шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг

    6:24
  5. وَمِنْهُمْ مَنْ يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ ۖ وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۚ وَإِنْ يَرَوْا كُلَّ آيَةٍ لَا يُؤْمِنُوا بِهَا ۚ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوكَ يُجَادِلُونَكَ يَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ

    Царах хьоьга ладугӀуш верг ву. Церан дегнашка кирхьа диллина Оха, уьш цунах ца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо а делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу баьхкича а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: 'Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара'

    6:25
  6. وَهُمْ يَنْهَوْنَ عَنْهُ وَيَنْأَوْنَ عَنْهُ ۖ وَإِنْ يُهْلِكُونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ

    Уьш оцунах /нах/ бухатухуш бу‚ шаьш а генабовлуш бу цунах. Цара хӀаллакдеш-м дац шайн догӀмаш бен. Ца хаало-кх царна

    6:26
  7. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ وُقِفُوا عَلَى النَّارِ فَقَالُوا يَا لَيْتَنَا نُرَدُّ وَلَا نُكَذِّبَ بِآيَاتِ رَبِّنَا وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Хьуна гича уьш жоьжахатина тӀехӀиттийна‚ цара олуш: 'Ма декъаза хили тхо! Юхадахийтахьара тхо – ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-кхобучун аяташ‚ тешачарех хир дара тхо'

    6:27
  8. بَلْ بَدَا لَهُمْ مَا كَانُوا يُخْفُونَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَوْ رُدُّوا لَعَادُوا لِمَا نُهُوا عَنْهُ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Хъ, гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а, шайга ма де аьллачунна тӀебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу

    6:28
  9. وَقَالُوا إِنْ هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ

    Цара ма олура: 'ХӀара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац'

    6:29
  10. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ وُقِفُوا عَلَىٰ رَبِّهِمْ ۚ قَالَ أَلَيْسَ هَٰذَا بِالْحَقِّ ۚ قَالُوا بَلَىٰ وَرَبِّنَا ۚ قَالَ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ

    Хьуна уьш гича шайн Кхиош-кхобучун хьалха хӀиттийна! Цо олуш: 'Бакъ дац ткъа хӀара?' Цара олуш: 'ХӀаъ‚ ду тхо Кхиош-кхобучу Делора'. Цо олуш: 'Ӏовша шайна Ӏазап, шаьш ца тешаш хиларна!'

    6:30

Гочдар: Магомед Магомедов