Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 31 – 41
-
قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِلِقَاءِ اللَّهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءَتْهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً قَالُوا يَا حَسْرَتَنَا عَلَىٰ مَا فَرَّطْنَا فِيهَا وَهُمْ يَحْمِلُونَ أَوْزَارَهُمْ عَلَىٰ ظُهُورِهِمْ ۚ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ
Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш – цӀеххьана шайна сахьт хӀоьттича, элира цара: 'Ма бала бу-кх вайна вай ша тергал ца динарг бахьанехь'. Цара дӀахьур ду шайн къинош шайн баккъаш тӀехь. Ма вон хӀума ду-кх цара шайна мохь бинарг!
6:31 -
وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَعِبٌ وَلَهْوٌ ۖ وَلَلدَّارُ الْآخِرَةُ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Дуьненан дахар ма дац ловзар а, эрна хан яйар а бен. Баккъалла а, эхартан цӀа дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?
6:32 -
قَدْ نَعْلَمُ إِنَّهُ لَيَحْزُنُكَ الَّذِي يَقُولُونَ ۖ فَإِنَّهُمْ لَا يُكَذِّبُونَكَ وَلَٰكِنَّ الظَّالِمِينَ بِآيَاتِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ
Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а сингаттаме ма во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш – шаьш зуламхой бу, Делан аяташ керстадеш
6:33 -
وَلَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ فَصَبَرُوا عَلَىٰ مَا كُذِّبُوا وَأُوذُوا حَتَّىٰ أَتَاهُمْ نَصْرُنَا ۚ وَلَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِ اللَّهِ ۚ وَلَقَدْ جَاءَكَ مِنْ نَبَإِ الْمُرْسَلِينَ
Хьол хьалха а харцбина элчанаш – собар дира цара шаьш харцдинчунна тӀехь‚ шаьш лазорна тӀехь шайга Тхан гӀо кхаччалц. Делан дешнаш хийца цхьа а вац. Хьоьга ма деъна элчанийн хабар
6:34 -
وَإِنْ كَانَ كَبُرَ عَلَيْكَ إِعْرَاضُهُمْ فَإِنِ اسْتَطَعْتَ أَنْ تَبْتَغِيَ نَفَقًا فِي الْأَرْضِ أَوْ سُلَّمًا فِي السَّمَاءِ فَتَأْتِيَهُمْ بِآيَةٍ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَمَعَهُمْ عَلَى الْهُدَىٰ ۚ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْجَاهِلِينَ
Уьш дӀаберзар хьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь хералла‚ я стигла вала лами каро, тӀаккха ахь дахьар дара цаьрга цхьа аят (делил). Далла лиънехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу новкъа. Хьо хиланне а ма хилалахь жехӀалчу нахах
6:35 -
إِنَّمَا يَسْتَجِيبُ الَّذِينَ يَسْمَعُونَ ۘ وَالْمَوْتَىٰ يَبْعَثُهُمُ اللَّهُ ثُمَّ إِلَيْهِ يُرْجَعُونَ
/Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду, баккъалла а, хезаш болчара. Ткъа белларш – Дала денбийр бу уьш‚ тӀаккха Цуьнга дӀаберзор бу
6:36 -
وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۚ قُلْ إِنَّ اللَّهَ قَادِرٌ عَلَىٰ أَنْ يُنَزِّلَ آيَةً وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Цара элира: 'Шен Кхиош-кхобучуьнгара аят доссош хиллехьара цуьнга'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу'
6:37 -
وَمَا مِنْ دَابَّةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا طَائِرٍ يَطِيرُ بِجَنَاحَيْهِ إِلَّا أُمَمٌ أَمْثَالُكُمْ ۚ مَا فَرَّطْنَا فِي الْكِتَابِ مِنْ شَيْءٍ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّهِمْ يُحْشَرُونَ
Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тӀема долуш шен тӀемашца – шаьш шу санна умматаш долуш бен. ХӀумма а диц ца дина Оха кху жайни чохь. ТӀаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга уьш дӀагулбийр бу
6:38 -
وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا صُمٌّ وَبُكْمٌ فِي الظُّلُمَاتِ ۗ مَنْ يَشَإِ اللَّهُ يُضْلِلْهُ وَمَنْ يَشَأْ يَجْعَلْهُ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Ӏохкуш. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу Цо
6:39 -
قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللَّهِ أَوْ أَتَتْكُمُ السَّاعَةُ أَغَيْرَ اللَّهِ تَدْعُونَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Ахь āла: 'Шуна гой! Ткъа Делан Ӏазап шайга деъча‚ я сахьт шайна тӀехӀоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара Аш, шу хиллехь бакълуьйш?'
6:40 -
بَلْ إِيَّاهُ تَدْعُونَ فَيَكْشِفُ مَا تَدْعُونَ إِلَيْهِ إِنْ شَاءَ وَتَنْسَوْنَ مَا تُشْرِكُونَ
ХӀан-хӀа! Цуьнга кхойкхур дара аш. Айдийр дара Цо аш шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аш дицдийр дара шаьш /Делаца/ накъост лацар
6:41
Гочдар: Магомед Магомедов