Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 42 – 50
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِنْ قَبْلِكَ فَأَخَذْنَاهُمْ بِالْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ لَعَلَّهُمْ يَتَضَرَّعُونَ
Хьол хьалха а бахкийтира Оха халкъашка /элчанаш/‚ и халкъаш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамгаршца) схьалийцира Оха‚ уьш /Тхоьга/ хьасталур бацара-те?
6:42 -
فَلَوْلَا إِذْ جَاءَهُمْ بَأْسُنَا تَضَرَّعُوا وَلَٰكِنْ قَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Тхан ницкъ шайга беъча, хьаста хӀунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а, къиза хилира церан дегнаш. Хаздора царна шайтӀано шаьш деш хилларг
6:43 -
فَلَمَّا نَسُوا مَا ذُكِّرُوا بِهِ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ أَبْوَابَ كُلِّ شَيْءٍ حَتَّىٰ إِذَا فَرِحُوا بِمَا أُوتُوا أَخَذْنَاهُمْ بَغْتَةً فَإِذَا هُمْ مُبْلِسُونَ
Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дӀайиллира царна массо а /дикачу/ хӀуманан неӀарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбеш болуш шайга деъначух‚ /тӀаккха/ цӀеххьана схьалийцира Оха уьш – тӀаккха цара дог диллира массо а диканах
6:44 -
فَقُطِعَ دَابِرُ الْقَوْمِ الَّذِينَ ظَلَمُوا ۚ وَالْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тӀаьхье. Хастам бу Далла – Ӏаламийн Дена
6:45 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَخَذَ اللَّهُ سَمْعَكُمْ وَأَبْصَارَكُمْ وَخَتَمَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُمْ بِهِ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ ثُمَّ هُمْ يَصْدِفُونَ
Ахь āла: 'Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бӀаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухӀар тоьхча‚ АллахӀ воцчу муьлхачу Дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ – тӀаккха а уьш /бакъдолчух/ дӀабоьрзу'
6:46 -
قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللَّهِ بَغْتَةً أَوْ جَهْرَةً هَلْ يُهْلَكُ إِلَّا الْقَوْمُ الظَّالِمُونَ
Ахь āла: 'Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Ӏазап шайга цӀеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хӀаллакьхир дуй?'
6:47 -
وَمَا نُرْسِلُ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ ۖ فَمَنْ آمَنَ وَأَصْلَحَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Ӏамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Ӏамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Ийман диллинарг а‚ диканиг динарг а – /эхартахь/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь бухадуьсачух/
6:48 -
وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا يَمَسُّهُمُ الْعَذَابُ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ
Тхан аяташ харцдинарш – царах хьакхалур ду Ӏазап уьш фасикъ хиларна
6:49 -
قُلْ لَا أَقُولُ لَكُمْ عِنْدِي خَزَائِنُ اللَّهِ وَلَا أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلَا أَقُولُ لَكُمْ إِنِّي مَلَكٌ ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ ۚ أَفَلَا تَتَفَكَّرُونَ
Ахь āла: 'Ас ца боху шуьга: 'Сан гергахь Делан хазнаш ду'‚ суна ца хаьа къайле а‚ ас ца боху шуьга: 'Со малик ду'. Со тӀаьхьахӀуттуш ву сайга луш долчу ваьхьашна'. Ахь āла: 'Ткъа цхьабосса вуй-те бӀаьрса доцург а‚ бӀаьрса дерг а. Аш ойла ца йо-те?'
6:50
Гочдар: Магомед Магомедов