Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 51 – 55
-
وَأَنْذِرْ بِهِ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَنْ يُحْشَرُوا إِلَىٰ رَبِّهِمْ ۙ لَيْسَ لَهُمْ مِنْ دُونِهِ وَلِيٌّ وَلَا شَفِيعٌ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
Ахь цуьнца хьехамбе шаьш шайн Кхиош-кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гӀодаккхархо а – уьш хила мегара кхоьруш
6:51 -
وَلَا تَطْرُدِ الَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ بِالْغَدَاةِ وَالْعَشِيِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُ ۖ مَا عَلَيْكَ مِنْ حِسَابِهِمْ مِنْ شَيْءٍ وَمَا مِنْ حِسَابِكَ عَلَيْهِمْ مِنْ شَيْءٍ فَتَطْرُدَهُمْ فَتَكُونَ مِنَ الظَّالِمِينَ
Ахь дӀа ма лелхабе Ӏуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш /миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хӀуманца хьуна тӀехь дац‚ хьан хьесапан хӀумма а царна тӀехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а – хьо бахьанехь). Ахь уьш дӀалелхабой – хьо зуламхойх хуьлу
6:52 -
وَكَذَٰلِكَ فَتَنَّا بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لِيَقُولُوا أَهَٰؤُلَاءِ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مِنْ بَيْنِنَا ۗ أَلَيْسَ اللَّهُ بِأَعْلَمَ بِالشَّاكِرِينَ
Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: 'ХӀорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш'. Ткъа Дела вац дика бевзаш шукур дийраш (баркалла олурш)?
6:53 -
وَإِذَا جَاءَكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِنَا فَقُلْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ ۖ كَتَبَ رَبُّكُمْ عَلَىٰ نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ ۖ أَنَّهُ مَنْ عَمِلَ مِنْكُمْ سُوءًا بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَصْلَحَ فَأَنَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахь āла: 'Машар шуна'. Шун Кхиош-кхобучо Ша Шена тӀедиллина /шен халкъах/ къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахь ца хууш‚ тӀаккха цул тӀаьхьа тōба дахь‚ дика Ӏамал яхь – баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
6:54 -
وَكَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ وَلِتَسْتَبِينَ سَبِيلُ الْمُجْرِمِينَ
Иштта ма-дарра дӀадуьйцу Оха аяташ‚ къинош леточеран некъ билгалбалийтархьама а
6:55
Гочдар: Магомед Магомедов