Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 56 – 60

  1. قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۚ قُلْ لَا أَتَّبِعُ أَهْوَاءَكُمْ ۙ قَدْ ضَلَلْتُ إِذًا وَمَا أَنَا مِنَ الْمُهْتَدِينَ

    Ахь āла: 'Суна ца магийна Ӏибадан дан Дела воцчу аш шега кхойкхучуьнга'. Āла: 'Со тӀаьхьахттур ма вац шун дезаршна, /хьттинехь/ - со тиллавелла хир ма вара тккха‚ нийсачу новкъахь болчарах хир ма вацара со'

    6:56
  2. قُلْ إِنِّي عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَكَذَّبْتُمْ بِهِ ۚ مَا عِنْدِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ ۚ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۖ يَقُصُّ الْحَقَّ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الْفَاصِلِينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, со сан Кхиош-кхобучун билгалонна тӀехь ву‚ аш и харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг‚ хьукма Делан бен дац – Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву'

    6:57
  3. قُلْ لَوْ أَنَّ عِنْدِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ لَقُضِيَ الْأَمْرُ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِالظَّالِمِينَ

    Ахь āла: 'Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚– сан а‚ шун а юккъера гӀуллакх (къовсам) чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой'

    6:58
  4. وَعِنْدَهُ مَفَاتِحُ الْغَيْبِ لَا يَعْلَمُهَا إِلَّا هُوَ ۚ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۚ وَمَا تَسْقُطُ مِنْ وَرَقَةٍ إِلَّا يَعْلَمُهَا وَلَا حَبَّةٍ فِي ظُلُمَاتِ الْأَرْضِ وَلَا رَطْبٍ وَلَا يَابِسٍ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ

    Цуьнгахь ду-кх къайленан /хазнийн/ догӀанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хӀорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гӀа охьа- дужур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тӀуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайна чохь йолуш бен

    6:59
  5. وَهُوَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُمْ بِاللَّيْلِ وَيَعْلَمُ مَا جَرَحْتُمْ بِالنَّهَارِ ثُمَّ يَبْعَثُكُمْ فِيهِ لِيُقْضَىٰ أَجَلٌ مُسَمًّى ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ ثُمَّ يُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шу буса долуьйтург ву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тӀаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цӀе тоьхна йолу хан кхочушхилийтархьама. Цунна тӀе ду шун дӀадерзар‚ тӀаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш лелош хилларг

    6:60

Гочдар: Магомед Магомедов