Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 61 – 70
-
وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ ۖ وَيُرْسِلُ عَلَيْكُمْ حَفَظَةً حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ تَوَفَّتْهُ رُسُلُنَا وَهُمْ لَا يُفَرِّطُونَ
Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тӀехь. Шуна тӀе боуьйту Цо хехой. Шух цхьанна тӀе валар деъча – Тхан элчанаш (маликаш) кхочушдо и – цара ледарло ца йолуьйту
6:61 -
ثُمَّ رُدُّوا إِلَى اللَّهِ مَوْلَاهُمُ الْحَقِّ ۚ أَلَا لَهُ الْحُكْمُ وَهُوَ أَسْرَعُ الْحَاسِبِينَ
ТӀаккха берзабо уьш Далла тӀе‚ церан бакъ Доладийриг волчу.Ткъа хьукма Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь
6:62 -
قُلْ مَنْ يُنَجِّيكُمْ مِنْ ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ تَدْعُونَهُ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً لَئِنْ أَنْجَانَا مِنْ هَٰذِهِ لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ
Ахь āла: 'Мила ву и шу аренан а‚ хӀордан а боданах ларден верг‚ аш Шега хьастаделла а‚ къайлаха а кхойкхуш верг: 'ХӀокхунах Цо тхо кӀелхьардахахь‚ тхо хиланне а хир ма ду баркалла олучарах!?' /олуш/
6:63 -
قُلِ اللَّهُ يُنَجِّيكُمْ مِنْهَا وَمِنْ كُلِّ كَرْبٍ ثُمَّ أَنْتُمْ تُشْرِكُونَ
Ахь āла: 'Дала кӀелхьардохур ду шу цунах а‚ массо а балех а – тӀаккха а аш Цуьнца накъост ма лоцу'
6:64 -
قُلْ هُوَ الْقَادِرُ عَلَىٰ أَنْ يَبْعَثَ عَلَيْكُمْ عَذَابًا مِنْ فَوْقِكُمْ أَوْ مِنْ تَحْتِ أَرْجُلِكُمْ أَوْ يَلْبِسَكُمْ شِيَعًا وَيُذِيقَ بَعْضَكُمْ بَأْسَ بَعْضٍ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَفْقَهُونَ
Āла: 'Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тӀехула а‚ шун когий бухахула а шуна Ӏазап доссо‚ я шу тобанашка декъа‚ цхьаболчара вукхаьрга бала хьегабайта а'. Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилийта кхеташ
6:65 -
وَكَذَّبَ بِهِ قَوْمُكَ وَهُوَ الْحَقُّ ۚ قُلْ لَسْتُ عَلَيْكُمْ بِوَكِيلٍ
Харцдина хьан къомо и (Къуръан), и бакъдерг доллушехь. Ахь āла: 'Со ца хили шуна тӀехь векал' (шун гӀуллакхаш кхочушдан)
6:66 -
لِكُلِّ نَبَإٍ مُسْتَقَرٌّ ۚ وَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
ХӀор /Делера/ хабаран шен хан ю /и тхьттича, и кхочушхир долуш/ – тӀаьхьа хуур ду шуна
6:67 -
وَإِذَا رَأَيْتَ الَّذِينَ يَخُوضُونَ فِي آيَاتِنَا فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ حَتَّىٰ يَخُوضُوا فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ ۚ وَإِمَّا يُنْسِيَنَّكَ الشَّيْطَانُ فَلَا تَقْعُدْ بَعْدَ الذِّكْرَىٰ مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Хьуна гича, Тхан аяташ, сийсаз а деш, хьехош берш – генавала царах‚ уьш кхечу хабарна тӀебовллалц. Я хьо ванне а вицволуьйтур ву шайтӀано – тӀаккха дагадеъначул тӀаьхьа кхин зулам дечу къомаца охьа ма хаалахь
6:68 -
وَمَا عَلَى الَّذِينَ يَتَّقُونَ مِنْ حِسَابِهِمْ مِنْ شَيْءٍ وَلَٰكِنْ ذِكْرَىٰ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
/Делах/ кхоьруш болчарна церан (Делан аяташ сийсаза деш болчеран) хьесапах хӀумма хир дац‚ делахь а, хьехам бар ду-кх /царна тӀехь/ – уьш кхоьруш хир бацара-те?
6:69 -
وَذَرِ الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَهُمْ لَعِبًا وَلَهْوًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ وَذَكِّرْ بِهِ أَنْ تُبْسَلَ نَفْسٌ بِمَا كَسَبَتْ لَيْسَ لَهَا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيٌّ وَلَا شَفِيعٌ وَإِنْ تَعْدِلْ كُلَّ عَدْلٍ لَا يُؤْخَذْ مِنْهَا ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ أُبْسِلُوا بِمَا كَسَبُوا ۖ لَهُمْ شَرَابٌ مِنْ حَمِيمٍ وَعَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ
Бита и шайн дин ловзаре а‚ эрна хан яйаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Ӏехийнарш. Ахь хьехам бе /нахана/ цуьнца (Къуръанца) адам ша карадаийтинчо хӀаллак цадайтархьама – вац цунна Дела воцург доладийриг а‚ гӀолоцург а. Мелла а /жоьжахатина/ дуьхьал мах белча а – оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хӀаллакьхилларш‚ царна ду цӀийдина хинан малар а‚ лазош долу Ӏазап а - уьш хиларна ца тешаш
6:70
Гочдар: Магомед Магомедов