Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 71 – 82

  1. قُلْ أَنَدْعُو مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُنَا وَلَا يَضُرُّنَا وَنُرَدُّ عَلَىٰ أَعْقَابِنَا بَعْدَ إِذْ هَدَانَا اللَّهُ كَالَّذِي اسْتَهْوَتْهُ الشَّيَاطِينُ فِي الْأَرْضِ حَيْرَانَ لَهُ أَصْحَابٌ يَدْعُونَهُ إِلَى الْهُدَى ائْتِنَا ۗ قُلْ إِنَّ هُدَى اللَّهِ هُوَ الْهُدَىٰ ۖ وَأُمِرْنَا لِنُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ахь āла: 'Вай кхойкху ткъа, Дела а вуьтий, ваьшна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай юхадерзина хир ма ду (керстаналле) Дала вай нисдинчул тӀаьхьа‚ лаьттахь шайтӀано ша Ӏехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: 'Схьавола тхуна тӀе'‚ бохуш. Ахь āла: 'Делан нийса некъ – и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Ӏаламийн Дена муьтӀахь хила,

    6:71
  2. وَأَنْ أَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَاتَّقُوهُ ۚ وَهُوَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ

    Ламаз хӀоттаде‚ Цунах (Делах) кхера'‚ аьлла. И ву шу Шена тӀе дӀагулдийр дерг

    6:72
  3. وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۖ وَيَوْمَ يَقُولُ كُنْ فَيَكُونُ ۚ قَوْلُهُ الْحَقُّ ۚ وَلَهُ الْمُلْكُ يَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ ۚ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ

    И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо 'Хила!' аьллачу дийнахь – хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Ма (зурма) локхучу дийнахь паччахьлла Цуьнан ду‚ къайлахь дерг‚ гушдерг хуург И ву. И Ша хьекъале верг ву‚ сов дика хууш верг ву

    6:73
  4. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ آزَرَ أَتَتَّخِذُ أَصْنَامًا آلِهَةً ۖ إِنِّي أَرَاكَ وَقَوْمَكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    ИбрахӀима аьллера шен дега Āзаре: 'Ахь цӀунаш лоьцу делий бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тилар чохь гуш ву-кх со'

    6:74
  5. وَكَذَٰلِكَ نُرِي إِبْرَاهِيمَ مَلَكُوتَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلِيَكُونَ مِنَ الْمُوقِنِينَ

    Иштта гойту Оха ИбрахӀимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ чг тешачарах

    6:75
  6. فَلَمَّا جَنَّ عَلَيْهِ اللَّيْلُ رَأَىٰ كَوْكَبًا ۖ قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَا أُحِبُّ الْآفِلِينَ

    Шена тӀе буьйса йоьлча‚ цунна (ИбрахӀимна) гира седа. Цо элира: 'И ву сан Дела'. И дӀатилча, цо элира: 'Суна ца беза дӀатуьлуш берш'

    6:76
  7. فَلَمَّا رَأَى الْقَمَرَ بَازِغًا قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَئِنْ لَمْ يَهْدِنِي رَبِّي لَأَكُونَنَّ مِنَ الْقَوْمِ الضَّالِّينَ

    Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: 'И ву сан Дела'. Иза а дӀабуьзча‚ цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со ца нисвахь‚ со билггала хир ма ву тиладеллачу къомах'

    6:77
  8. فَلَمَّا رَأَى الشَّمْسَ بَازِغَةً قَالَ هَٰذَا رَبِّي هَٰذَا أَكْبَرُ ۖ فَلَمَّا أَفَلَتْ قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ

    Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: 'Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву'. Иза а дӀабуьзча‚ цо элира: 'ХӀай сан къам‚ со цӀена ву-кх аш /Делаца/ накъост лацарх

    6:78
  9. إِنِّي وَجَّهْتُ وَجْهِيَ لِلَّذِي فَطَرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ حَنِيفًا ۖ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ас дерзи сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнга‚ доггах /массо а харцдинах бакъдолчу динна / тӀе а вирзина‚ со вац мушрикех'

    6:79
  10. وَحَاجَّهُ قَوْمُهُ ۚ قَالَ أَتُحَاجُّونِّي فِي اللَّهِ وَقَدْ هَدَانِ ۚ وَلَا أَخَافُ مَا تُشْرِكُونَ بِهِ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ رَبِّي شَيْئًا ۗ وَسِعَ رَبِّي كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا ۗ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ

    Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: 'Соьца къуьйсу аш Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма ваьккхина. Со ца кхоьру аш шеца ширк дечух‚ сан Кхиош-кхобучунна лууш долчу хӀуманах бен. Массо а хӀума чулаьцна сан Кхиош-кхобучо Ӏилманца. Аш ойла ца йо?

    6:80
  11. وَكَيْفَ أَخَافُ مَا أَشْرَكْتُمْ وَلَا تَخَافُونَ أَنَّكُمْ أَشْرَكْتُمْ بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا ۚ فَأَيُّ الْفَرِيقَيْنِ أَحَقُّ بِالْأَمْنِ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Со муха кхоьру аш ширк динчух? Шу а ма ца кхоьру шаьш Делаца накъост лаьцна хиларх‚ шеца шуьга доссош хилла цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шинна тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?'

    6:81
  12. الَّذِينَ آمَنُوا وَلَمْ يَلْبِسُوا إِيمَانَهُمْ بِظُلْمٍ أُولَٰئِكَ لَهُمُ الْأَمْنُ وَهُمْ مُهْتَدُونَ

    Ийман диллинарш‚ шайн ийман зуламех ца эдинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь

    6:82

Гочдар: Магомед Магомедов