Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 74 – 75

  1. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ آزَرَ أَتَتَّخِذُ أَصْنَامًا آلِهَةً ۖ إِنِّي أَرَاكَ وَقَوْمَكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    ИбрахӀима аьллера шен дега Āзаре: 'Ахь цӀунаш лоьцу делий бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тилар чохь гуш ву-кх со'

    6:74
  2. وَكَذَٰلِكَ نُرِي إِبْرَاهِيمَ مَلَكُوتَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلِيَكُونَ مِنَ الْمُوقِنِينَ

    Иштта гойту Оха ИбрахӀимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ чг тешачарах

    6:75

Гочдар: Магомед Магомедов