Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 75 – 79

  1. وَكَذَٰلِكَ نُرِي إِبْرَاهِيمَ مَلَكُوتَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلِيَكُونَ مِنَ الْمُوقِنِينَ

    Иштта гойту Оха ИбрахӀимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ чг тешачарах

    6:75
  2. فَلَمَّا جَنَّ عَلَيْهِ اللَّيْلُ رَأَىٰ كَوْكَبًا ۖ قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَا أُحِبُّ الْآفِلِينَ

    Шена тӀе буьйса йоьлча‚ цунна (ИбрахӀимна) гира седа. Цо элира: 'И ву сан Дела'. И дӀатилча, цо элира: 'Суна ца беза дӀатуьлуш берш'

    6:76
  3. فَلَمَّا رَأَى الْقَمَرَ بَازِغًا قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَئِنْ لَمْ يَهْدِنِي رَبِّي لَأَكُونَنَّ مِنَ الْقَوْمِ الضَّالِّينَ

    Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: 'И ву сан Дела'. Иза а дӀабуьзча‚ цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со ца нисвахь‚ со билггала хир ма ву тиладеллачу къомах'

    6:77
  4. فَلَمَّا رَأَى الشَّمْسَ بَازِغَةً قَالَ هَٰذَا رَبِّي هَٰذَا أَكْبَرُ ۖ فَلَمَّا أَفَلَتْ قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ

    Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: 'Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву'. Иза а дӀабуьзча‚ цо элира: 'ХӀай сан къам‚ со цӀена ву-кх аш /Делаца/ накъост лацарх

    6:78
  5. إِنِّي وَجَّهْتُ وَجْهِيَ لِلَّذِي فَطَرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ حَنِيفًا ۖ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ас дерзи сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнга‚ доггах /массо а харцдинах бакъдолчу динна / тӀе а вирзина‚ со вац мушрикех'

    6:79

Гочдар: Магомед Магомедов