Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 80 – 83

  1. وَحَاجَّهُ قَوْمُهُ ۚ قَالَ أَتُحَاجُّونِّي فِي اللَّهِ وَقَدْ هَدَانِ ۚ وَلَا أَخَافُ مَا تُشْرِكُونَ بِهِ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ رَبِّي شَيْئًا ۗ وَسِعَ رَبِّي كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا ۗ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ

    Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: 'Соьца къуьйсу аш Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма ваьккхина. Со ца кхоьру аш шеца ширк дечух‚ сан Кхиош-кхобучунна лууш долчу хӀуманах бен. Массо а хӀума чулаьцна сан Кхиош-кхобучо Ӏилманца. Аш ойла ца йо?

    6:80
  2. وَكَيْفَ أَخَافُ مَا أَشْرَكْتُمْ وَلَا تَخَافُونَ أَنَّكُمْ أَشْرَكْتُمْ بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا ۚ فَأَيُّ الْفَرِيقَيْنِ أَحَقُّ بِالْأَمْنِ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Со муха кхоьру аш ширк динчух? Шу а ма ца кхоьру шаьш Делаца накъост лаьцна хиларх‚ шеца шуьга доссош хилла цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шинна тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?'

    6:81
  3. الَّذِينَ آمَنُوا وَلَمْ يَلْبِسُوا إِيمَانَهُمْ بِظُلْمٍ أُولَٰئِكَ لَهُمُ الْأَمْنُ وَهُمْ مُهْتَدُونَ

    Ийман диллинарш‚ шайн ийман зуламех ца эдинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь

    6:82
  4. وَتِلْكَ حُجَّتُنَا آتَيْنَاهَا إِبْرَاهِيمَ عَلَىٰ قَوْمِهِ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَنْ نَشَاءُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахӀимна шен къомана дуьхьал. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву хьекъале верг а‚ хууш верг а

    6:83

Гочдар: Магомед Магомедов