Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 83 – 89

  1. وَتِلْكَ حُجَّتُنَا آتَيْنَاهَا إِبْرَاهِيمَ عَلَىٰ قَوْمِهِ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَنْ نَشَاءُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахӀимна шен къомана дуьхьал. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву хьекъале верг а‚ хууш верг а

    6:83
  2. وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۚ كُلًّا هَدَيْنَا ۚ وَنُوحًا هَدَيْنَا مِنْ قَبْلُ ۖ وَمِنْ ذُرِّيَّتِهِ دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ وَأَيُّوبَ وَيُوسُفَ وَمُوسَىٰ وَهَارُونَ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Оха цунна совгӀатна велира Исхьакъ а‚ ЯӀкъуб а. Берриге а нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царал/ хьалха. Цуьнан (ИбрахӀиман) зуьрретах ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХӀарун а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна

    6:84
  3. وَزَكَرِيَّا وَيَحْيَىٰ وَعِيسَىٰ وَإِلْيَاسَ ۖ كُلٌّ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Закария а‚ Яхьъя а‚ Ӏийса а‚ Ильяс а – массо а дикачарах ву

    6:85
  4. وَإِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَيُونُسَ وَلُوطًا ۚ وَكُلًّا فَضَّلْنَا عَلَى الْعَالَمِينَ

    ТӀаккха ИсмаӀил а‚ Ал- ЯсаӀ а‚ Юнус а‚ ЛутӀ а – массо а вазвина Оха Ӏаламел

    6:86
  5. وَمِنْ آبَائِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ وَإِخْوَانِهِمْ ۖ وَاجْتَبَيْنَاهُمْ وَهَدَيْنَاهُمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Церан дайх а‚ церан тьхьенех а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниӀмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа

    6:87
  6. ذَٰلِكَ هُدَى اللَّهِ يَهْدِي بِهِ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۚ وَلَوْ أَشْرَكُوا لَحَبِطَ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Иза – Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара ширк динехьара, цара йина хилла Ӏамалш йовр ма яра

    6:88
  7. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ ۚ فَإِنْ يَكْفُرْ بِهَا هَٰؤُلَاءِ فَقَدْ وَكَّلْنَا بِهَا قَوْمًا لَيْسُوا بِهَا بِكَافِرِينَ

    Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делларш. ХӀорш цунах ца тешахь – Оха иза тдуьллур ду /кхечу/ къомана‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долчу

    6:89

Гочдар: Магомед Магомедов