Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 95 – 100

  1. إِنَّ اللَّهَ فَالِقُ الْحَبِّ وَالنَّوَىٰ ۖ يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَمُخْرِجُ الْمَيِّتِ مِنَ الْحَيِّ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    Баккъалла а, Дела ву хӀу а‚ лаг а схьадоьллуш верг. Дийнадерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела – шу муха Ӏехош ду /харцдолчо/!?

    6:95
  2. فَالِقُ الْإِصْبَاحِ وَجَعَلَ اللَّيْلَ سَكَنًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ حُسْبَانًا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ

    Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина /ханна-заманна лерина/ хьесапна. И бу Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дӀахӀоттам

    6:96
  3. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ النُّجُومَ لِتَهْتَدُوا بِهَا فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хӀордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу къомана

    6:97
  4. وَهُوَ الَّذِي أَنْشَأَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ فَمُسْتَقَرٌّ وَمُسْتَوْدَعٌ ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَفْقَهُونَ

    И ву шу кхиийна цхьана сих (Āдамах)‚ тккха /шена/ чӀагӀдалар а‚ лашдалар а хуьлуш. Билгалдина Оха аяташ ойла ечу къомана

    6:98
  5. وَهُوَ الَّذِي أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ نَبَاتَ كُلِّ شَيْءٍ فَأَخْرَجْنَا مِنْهُ خَضِرًا نُخْرِجُ مِنْهُ حَبًّا مُتَرَاكِبًا وَمِنَ النَّخْلِ مِنْ طَلْعِهَا قِنْوَانٌ دَانِيَةٌ وَجَنَّاتٍ مِنْ أَعْنَابٍ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُشْتَبِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۗ انْظُرُوا إِلَىٰ ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَيَنْعِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكُمْ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца ккхиира Оха массо а тайпа орамат‚ цунах хасстоьмаш а къастийра Оха‚ кхиадо цунах буьртигаш тӀеттӀа. Хурманан дитта тхь кхуьу хурманан кенаш‚ /хуьлуьйту Цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийн а бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ хуьлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш долчу къомана

    6:99
  6. وَجَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ الْجِنَّ وَخَلَقَهُمْ ۖ وَخَرَقُوا لَهُ بَنِينَ وَبَنَاتٍ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يَصِفُونَ

    Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара (тешаш боцчу наха) цхьа а Ӏилма доцуш харцо кхоьллира Цунна – кӀентий а‚ мехкарий /бу Цуьнан, аьлла/. ЦӀена ву И вонах‚ лакхавели И цара дечу (харц) сибатех

    6:100

Гочдар: Магомед Магомедов