Сурат 71 Нухь, аят 1 – 20

  1. إِنَّا أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ أَنْ أَنْذِرْ قَوْمَكَ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тӀе Нухь: 'Кхерам таса хьан къомана цунна тӀе лазош долу Ӏазап дале'‚ аьлла

    71:1
  2. قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Цо элира: 'ХӀай сан къам! Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ билгала волу кхерамча ву-кх:

    71:2
  3. أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ وَأَطِيعُونِ

    Далла Ӏибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтӀахь хила!

    71:3
  4. يَغْفِرْ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرْكُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ إِنَّ أَجَلَ اللَّهِ إِذَا جَاءَ لَا يُؤَخَّرُ ۖ لَوْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    /ТӀаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тӀаьхьатоттур ду шу /Ӏазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна Ӏожалла ткхаччалц. Баккъалла а, Делан Ӏожалла, ша еъча, тӀаьхьатоттур яц‚ шу хууш хиллехь'

    71:4
  5. قَالَ رَبِّ إِنِّي دَعَوْتُ قَوْمِي لَيْلًا وَنَهَارًا

    Цо (Нухьас ша дукха къахьегначул тӀаьхьа, наха дин тӀе ца лоцуш, гаттавелча) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, ас кхайкхийра /дин/ сан къоме буса а‚ дийнахь а

    71:5
  6. فَلَمْ يَزِدْهُمْ دُعَائِي إِلَّا فِرَارًا

    Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи

    71:6
  7. وَإِنِّي كُلَّمَا دَعَوْتُهُمْ لِتَغْفِرَ لَهُمْ جَعَلُوا أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ وَاسْتَغْشَوْا ثِيَابَهُمْ وَأَصَرُّوا وَاسْتَكْبَرُوا اسْتِكْبَارًا

    Баккъалла а, ас уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пӀелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чӀагӀбелира /шайн къиной тӀехь/‚ курабевлира курабовларца

    71:7
  8. ثُمَّ إِنِّي دَعَوْتُهُمْ جِهَارًا

    ТӀаккха ас цаьрга кхайкхира чӀогӀа (ца кхоьруш, аз айдина)

    71:8
  9. ثُمَّ إِنِّي أَعْلَنْتُ لَهُمْ وَأَسْرَرْتُ لَهُمْ إِسْرَارًا

    ТӀаккха, баккъалла а, ас цаьрга кхайкхира гучахь, ас кхайкхира цаьрга къайлаха

    71:9
  10. فَقُلْتُ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ إِنَّهُ كَانَ غَفَّارًا

    Ас элира: 'Гечдар деха шаьш кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдийриг

    71:10
  11. يُرْسِلِ السَّمَاءَ عَلَيْكُمْ مِدْرَارًا

    Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догӀица/

    71:11
  12. وَيُمْدِدْكُمْ بِأَمْوَالٍ وَبَنِينَ وَيَجْعَلْ لَكُمْ جَنَّاتٍ وَيَجْعَلْ لَكُمْ أَنْهَارًا

    Цо гӀодийр ду шуна хьолаца‚ кӀенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш

    71:12
  13. مَا لَكُمْ لَا تَرْجُونَ لِلَّهِ وَقَارًا

    Шуна хӀун хилла? ХӀунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца?

    71:13
  14. وَقَدْ خَلَقَكُمْ أَطْوَارًا

    Цо кхоьллина шу даржаца (хьалха тӀадам‚ тӀаккха детина цӀи хуьлуш‚ тӀаккха тхк (даьӀахк) хуьлуш‚ тӀаккха цунна тӀе жижиг латош…)

    71:14
  15. أَلَمْ تَرَوْا كَيْفَ خَلَقَ اللَّهُ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا

    Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тӀеттӀа ворхӀ стигал?

    71:15
  16. وَجَعَلَ الْقَمَرَ فِيهِنَّ نُورًا وَجَعَلَ الشَّمْسَ سِرَاجًا

    Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла

    71:16
  17. وَاللَّهُ أَنْبَتَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ نَبَاتًا

    Дала шу схьадалийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. (Āдам лаьттах кхоьллира)

    71:17
  18. ثُمَّ يُعِيدُكُمْ فِيهَا وَيُخْرِجُكُمْ إِخْرَاجًا

    ТӀаккха Цо шу юха дӀадерзор ду цуьнга (лаьтте)‚ арадохур ду /лаьтта чуьра/ арадахарца /къематдийнахь/

    71:18
  19. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ بِسَاطًا

    Дала хилийтина шуна латта, /дӀабаржина/ куз санна

    71:19
  20. لِتَسْلُكُوا مِنْهَا سُبُلًا فِجَاجًا

    Шу цунна тӀехула лелийтархьама, шайна шуьйра некъаш луьйцуш'

    71:20

Гочдар: Магомед Магомедов