Сурат 71 Нухь, аят 1 – 7

  1. إِنَّا أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ أَنْ أَنْذِرْ قَوْمَكَ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: 'Кхерам таса хьан къомана цунна тIе лазош долу Iазап дале'‚ аьлла

    71:1
  2. قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Цо элира: 'ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ билгала волу кхерамча ву-кх:

    71:2
  3. أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ وَأَطِيعُونِ

    Далла Iибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтIахь хила!

    71:3
  4. يَغْفِرْ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرْكُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ إِنَّ أَجَلَ اللَّهِ إِذَا جَاءَ لَا يُؤَخَّرُ ۖ لَوْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    /ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна Iожалла ткхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла, ша еъча, тIаьхьатоттур яц‚ шу хууш хиллехь'

    71:4
  5. قَالَ رَبِّ إِنِّي دَعَوْتُ قَوْمِي لَيْلًا وَنَهَارًا

    Цо (Нухьас ша дукха къахьегначул тIаьхьа, наха дин тIе ца лоцуш, гаттавелча) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, ас кхайкхийра /дин/ сан къоме буса а‚ дийнахь а

    71:5
  6. فَلَمْ يَزِدْهُمْ دُعَائِي إِلَّا فِرَارًا

    Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи

    71:6
  7. وَإِنِّي كُلَّمَا دَعَوْتُهُمْ لِتَغْفِرَ لَهُمْ جَعَلُوا أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ وَاسْتَغْشَوْا ثِيَابَهُمْ وَأَصَرُّوا وَاسْتَكْبَرُوا اسْتِكْبَارًا

    Баккъалла а, ас уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабевлира курабовларца

    71:7

Гочдар: Магомед Магомедов