Сурат 71 Нухь, аят 21 – 28
-
قَالَ نُوحٌ رَبِّ إِنَّهُمْ عَصَوْنِي وَاتَّبَعُوا مَنْ لَمْ يَزِدْهُ مَالُهُ وَوَلَدُهُ إِلَّا خَسَارًا
Нухьас элира: 'Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Ӏесалла йи‚ уьш тӀаьхьахӀоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшалла бен сов ца яьккхинчунна
71:21 -
وَمَكَرُوا مَكْرًا كُبَّارًا
Цара йи тӀех йоккха мекарло:
71:22 -
وَقَالُوا لَا تَذَرُنَّ آلِهَتَكُمْ وَلَا تَذَرُنَّ وَدًّا وَلَا سُوَاعًا وَلَا يَغُوثَ وَيَعُوقَ وَنَسْرًا
Цара элира: 'Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваӀ а‚ ЯгӀус а‚ ЯӀукъ а‚ Наср а!'
71:23 -
وَقَدْ أَضَلُّوا كَثِيرًا ۖ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا ضَلَالًا
/Нухьас доӀа дира/: 'Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен'
71:24 -
مِمَّا خَطِيئَاتِهِمْ أُغْرِقُوا فَأُدْخِلُوا نَارًا فَلَمْ يَجِدُوا لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَنْصَارًا
Шайна гӀалатех (къинойх) уьш хи чу бахийтира‚ тӀаккха цӀерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гӀоьнчий
71:25 -
وَقَالَ نُوحٌ رَبِّ لَا تَذَرْ عَلَى الْأَرْضِ مِنَ الْكَافِرِينَ دَيَّارًا
Нухьас элира: 'Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь ма виталахь лаьтта тӀехь цатешачарах цхьа а цӀа чохь вехаш верг
71:26 -
إِنَّكَ إِنْ تَذَرْهُمْ يُضِلُّوا عِبَادَكَ وَلَا يَلِدُوا إِلَّا فَاجِرًا كَفَّارًا
Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу‚ цара дуьненавоккхур вац къинош деш верг‚ тӀех ца тешаш верг бен
71:27 -
رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِمَنْ دَخَلَ بَيْتِيَ مُؤْمِنًا وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا تَبَارًا
Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъмин хилла сан цӀа чу ваьллачунна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а‚ Ахь сов ма бахалахь зуламхой хӀаллакбарций бен!'
71:28
Гочдар: Магомед Магомедов