Сурат 76 Аль-инсан (Адам), аят 11 – 22

  1. فَوَقَاهُمُ اللَّهُ شَرَّ ذَٰلِكَ الْيَوْمِ وَلَقَّاهُمْ نَضْرَةً وَسُرُورًا

    Дала ларийра уьш оцу дийнан вонах‚ диллира /церан яьххьаш т/ бослепар а‚ хазахетар а

    76:11
  2. وَجَزَاهُمْ بِمَا صَبَرُوا جَنَّةً وَحَرِيرًا

    Бекхам бира царна шаьш /Далла ечу Ӏамална тӀехь/ собар дарна бешций‚ дариций

    76:12
  3. مُتَّكِئِينَ فِيهَا عَلَى الْأَرَائِكِ ۖ لَا يَرَوْنَ فِيهَا شَمْسًا وَلَا زَمْهَرِيرًا

    Цигахь уьш Ӏийр бу маьнганий тӀетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а‚

    76:13
  4. وَدَانِيَةً عَلَيْهِمْ ظِلَالُهَا وَذُلِّلَتْ قُطُوفُهَا تَذْلِيلًا

    Гергахь хир ду царна /цу бешан/ ӀиндагӀа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш охьакхавдарах (аьтто хуьлуш шаьш бāха ира хӀоьттина волчунна а‚ охьа хиъна волчунна а‚ вижна волчунна а)

    76:14
  5. وَيُطَافُ عَلَيْهِمْ بِآنِيَةٍ مِنْ فِضَّةٍ وَأَكْوَابٍ كَانَتْ قَوَارِيرَا

    Царна тӀехьийзор бу датон пхьегӀаца‚ чохь са гучу кадаца /кегий нах/

    76:15
  6. قَوَارِيرَ مِنْ فِضَّةٍ قَدَّرُوهَا تَقْدِيرًا

    Датон чохь са гучу кадаца (оцу тӀехьийзачара хьуна мала бегӀийла йолчу кепара малар) дӀалуш

    76:16
  7. وَيُسْقَوْنَ فِيهَا كَأْسًا كَانَ مِزَاجُهَا زَنْجَبِيلًا

    Цигахь малор бу чагӀаран кад‚ шех занжабил тоьхна болу

    76:17
  8. عَيْنًا فِيهَا تُسَمَّىٰ سَلْسَبِيلًا

    Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу

    76:18
  9. وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُخَلَّدُونَ إِذَا رَأَيْتَهُمْ حَسِبْتَهُمْ لُؤْلُؤًا مَنْثُورًا

    Царна тӀехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича, дӀасадаржина луълуъ ду моьттуш

    76:19
  10. وَإِذَا رَأَيْتَ ثَمَّ رَأَيْتَ نَعِيمًا وَمُلْكًا كَبِيرًا

    Хьо хьежначу хенахь‚ цигахь хьуна гур ду ниӀматаш а‚ доккха /чакхе йоцуш/ мулк (ниӀмат, Дала хьуна делла долу)

    76:20
  11. عَالِيَهُمْ ثِيَابُ سُنْدُسٍ خُضْرٌ وَإِسْتَبْرَقٌ ۖ وَحُلُّوا أَسَاوِرَ مِنْ فِضَّةٍ وَسَقَاهُمْ رَبُّهُمْ شَرَابًا طَهُورًا

    Царна тӀедуьйхина хир ду дуьткъачу баьццара дарин духар а‚ стоммачу дарин духар а‚ уьш хазбина хир бу датон чӀагаршца‚ уьш Кхиош-кхобучо царна малор ду цӀена малар а

    76:21
  12. إِنَّ هَٰذَا كَانَ لَكُمْ جَزَاءً وَكَانَ سَعْيُكُمْ مَشْكُورًا

    'Баккъалла а, хӀара хили шуна бекхамна /аш йина дика Ӏамалш бахьанехь/‚ шун /дуьненахь/ къахьегар хили /хнца/ баркалле'

    76:22

Гочдар: Магомед Магомедов