Сурат 76 Аль-инсан (Адам), аят 13 – 19
-
مُتَّكِئِينَ فِيهَا عَلَى الْأَرَائِكِ ۖ لَا يَرَوْنَ فِيهَا شَمْسًا وَلَا زَمْهَرِيرًا
Цигахь уьш Iийр бу маьнганий тIетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а‚
76:13 -
وَدَانِيَةً عَلَيْهِمْ ظِلَالُهَا وَذُلِّلَتْ قُطُوفُهَا تَذْلِيلًا
Гергахь хир ду царна /цу бешан/ IиндагIа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш охьакхавдарах (аьтто хуьлуш шаьш бāха ира хIоьттина волчунна а‚ охьа хиъна волчунна а‚ вижна волчунна а)
76:14 -
وَيُطَافُ عَلَيْهِمْ بِآنِيَةٍ مِنْ فِضَّةٍ وَأَكْوَابٍ كَانَتْ قَوَارِيرَا
Царна тIехьийзор бу датон пхьегIаца‚ чохь са гучу кадаца /кегий нах/
76:15 -
قَوَارِيرَ مِنْ فِضَّةٍ قَدَّرُوهَا تَقْدِيرًا
Датон чохь са гучу кадаца (оцу тIехьийзачара хьуна мала бегIийла йолчу кепара малар) дIалуш
76:16 -
وَيُسْقَوْنَ فِيهَا كَأْسًا كَانَ مِزَاجُهَا زَنْجَبِيلًا
Цигахь малор бу чагIаран кад‚ шех занжабил тоьхна болу
76:17 -
عَيْنًا فِيهَا تُسَمَّىٰ سَلْسَبِيلًا
Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу
76:18 -
وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُخَلَّدُونَ إِذَا رَأَيْتَهُمْ حَسِبْتَهُمْ لُؤْلُؤًا مَنْثُورًا
Царна тIехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича, дIасадаржина луълуъ ду моьттуш
76:19
Гочдар: Магомед Магомедов