Сурат 76 Аль-инсан (Адам), аят 23 – 31

  1. إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ تَنْزِيلًا

    Баккъалла а, Оха доссора хьоьга Къуръан /кӀез-кӀеззиг/ доссорца

    76:23
  2. فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تُطِعْ مِنْهُمْ آثِمًا أَوْ كَفُورًا

    Хьо собаре хила хьуо Кхиош-кхобучун хьукамна‚ хьо муьтӀахь ма хила царах къинош дечунна а‚ /дин/ керста дечунна

    76:24
  3. وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ بُكْرَةً وَأَصِيلًا

    Ахь хьехае хьуо Кхиош-кхобучун цӀе Ӏуьйранна а‚ суьйрана а.(Ламазаш де, Ӏибадат де Далла)

    76:25
  4. وَمِنَ اللَّيْلِ فَاسْجُدْ لَهُ وَسَبِّحْهُ لَيْلًا طَوِيلًا

    Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбахь а де Цунна еххачу буьйсана. (Буьйса денъе Далла Ӏибадат дарца)

    76:26
  5. إِنَّ هَٰؤُلَاءِ يُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ وَيَذَرُونَ وَرَاءَهُمْ يَوْمًا ثَقِيلًا

    Баккъалла а, хӀорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьр дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тӀехьахь деза (хала) де /къематде/

    76:27
  6. نَحْنُ خَلَقْنَاهُمْ وَشَدَدْنَا أَسْرَهُمْ ۖ وَإِذَا شِئْنَا بَدَّلْنَا أَمْثَالَهُمْ تَبْدِيلًا

    Оха кхоьллина уьш‚ чӀагӀйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хийцор бара царах терачаьрца хийцорца

    76:28
  7. إِنَّ هَٰذِهِ تَذْكِرَةٌ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا

    Баккъалла а, хӀара хьехам бу‚ шена луучо тлаьцна /иза/ ша Кхиош-кхобучуьнга некъ бина

    76:29
  8. وَمَا تَشَاءُونَ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Шуна луур дац Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    76:30
  9. يُدْخِلُ مَنْ يَشَاءُ فِي رَحْمَتِهِ ۚ وَالظَّالِمِينَ أَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой царна Цо кечдина лазош долу Ӏазап

    76:31

Гочдар: Магомед Магомедов