Сурат 76 Аль-инсан (Адам), аят 7 – 10
-
يُوفُونَ بِالنَّذْرِ وَيَخَافُونَ يَوْمًا كَانَ شَرُّهُ مُسْتَطِيرًا
Уьш кхочушдеш бу /Далла Iибадат дан/ делла дош‚ уьш кхоьруш бу /къемат/ дийнах‚ шен вон чIогIа даьржина хиллачу
76:7 -
وَيُطْعِمُونَ الطَّعَامَ عَلَىٰ حُبِّهِ مِسْكِينًا وَيَتِيمًا وَأَسِيرًا
Цара дао даар, шайна деззашехь, мискачунна а‚ боберана а‚ йийсарна а,
76:8 -
إِنَّمَا نُطْعِمُكُمْ لِوَجْهِ اللَّهِ لَا نُرِيدُ مِنْكُمْ جَزَاءً وَلَا شُكُورًا
/Шаьш олуш/: 'Оха дао шуна Делан юьхьана (Делан дуьхьа)‚ тхуна ца оьшу шуьгара бекхам а‚ баркалла а
76:9 -
إِنَّا نَخَافُ مِنْ رَبِّنَا يَوْمًا عَبُوسًا قَمْطَرِيرًا
Баккъалла а, тхо кхоьру тхан Кхиош-кхобучуьнгара яххьаш чIогIа хебар йолчу дийнах'
76:10
Гочдар: Магомед Магомедов