Сурат 76 Аль-инсан (Адам)
-
عَالِيَهُمْ ثِيَابُ سُنْدُسٍ خُضْرٌ وَإِسْتَبْرَقٌ ۖ وَحُلُّوا أَسَاوِرَ مِنْ فِضَّةٍ وَسَقَاهُمْ رَبُّهُمْ شَرَابًا طَهُورًا
Царна тIедуьйхина хир ду дуьткъачу баьццара дарин духар а‚ стоммачу дарин духар а‚ уьш хазбина хир бу датон чIагаршца‚ уьш Кхиош-кхобучо царна малор ду цIена малар а
76:21 -
إِنَّ هَٰذَا كَانَ لَكُمْ جَزَاءً وَكَانَ سَعْيُكُمْ مَشْكُورًا
'Баккъалла а, хIара хили шуна бекхамна /аш йина дика Iамалш бахьанехь/‚ шун /дуьненахь/ къахьегар хили /хнца/ баркалле'
76:22 -
إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ تَنْزِيلًا
Баккъалла а, Оха доссора хьоьга Къуръан /кIез-кIеззиг/ доссорца
76:23 -
فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تُطِعْ مِنْهُمْ آثِمًا أَوْ كَفُورًا
Хьо собаре хила хьуо Кхиош-кхобучун хьукамна‚ хьо муьтIахь ма хила царах къинош дечунна а‚ /дин/ керста дечунна
76:24 -
وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
Ахь хьехае хьуо Кхиош-кхобучун цIе Iуьйранна а‚ суьйрана а.(Ламазаш де, Iибадат де Далла)
76:25 -
وَمِنَ اللَّيْلِ فَاسْجُدْ لَهُ وَسَبِّحْهُ لَيْلًا طَوِيلًا
Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбахь а де Цунна еххачу буьйсана. (Буьйса денъе Далла Iибадат дарца)
76:26 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ يُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ وَيَذَرُونَ وَرَاءَهُمْ يَوْمًا ثَقِيلًا
Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьр дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тIехьахь деза (хала) де /къематде/
76:27 -
نَحْنُ خَلَقْنَاهُمْ وَشَدَدْنَا أَسْرَهُمْ ۖ وَإِذَا شِئْنَا بَدَّلْنَا أَمْثَالَهُمْ تَبْدِيلًا
Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хийцор бара царах терачаьрца хийцорца
76:28 -
إِنَّ هَٰذِهِ تَذْكِرَةٌ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا
Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо тлаьцна /иза/ ша Кхиош-кхобучуьнга некъ бина
76:29 -
وَمَا تَشَاءُونَ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
Шуна луур дац Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
76:30 -
يُدْخِلُ مَنْ يَشَاءُ فِي رَحْمَتِهِ ۚ وَالظَّالِمِينَ أَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой царна Цо кечдина лазош долу Iазап
76:31
Гочдар: Магомед Магомедов