Сурат 77 Аль-мурсалат (ТӀеттӀа дохуьйту мехаш), аят 40 – 50

  1. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:40
  2. إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي ظِلَالٍ وَعُيُونٍ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш уьш хир бу ӀиндагӀехь а‚ шовданашкахь а‚

    77:41
  3. وَفَوَاكِهَ مِمَّا يَشْتَهُونَ

    Шайна безначу стоьмашкахь а

    77:42
  4. كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    ГӀоза даа‚ гӀоза мала шаьш Ӏамал йина ма хилла!

    77:43
  5. إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Оха иштта бекхам бо дикачарна!

    77:44
  6. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:45
  7. كُلُوا وَتَمَتَّعُوا قَلِيلًا إِنَّكُمْ مُجْرِمُونَ

    Даа‚ кӀеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх!

    77:46
  8. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:47
  9. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ارْكَعُوا لَا يَرْكَعُونَ

    Цаьрга элча: 'Гора гӀо /ламаз де/!' уьш гора ца гӀора

    77:48
  10. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

    77:49
  11. فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ

    Муьлхачу дийцарах цул тӀаьхьа уьш тешар бу?

    77:50

Гочдар: Магомед Магомедов