Сурат 77 Аль-мурсалат (ТӀеттӀа дохуьйту мехаш), аят 8 – 19
-
فَإِذَا النُّجُومُ طُمِسَتْ
Седарчий дӀадайинчу хенахь‚
77:8 -
وَإِذَا السَّمَاءُ فُرِجَتْ
Стигал единчу хенахь‚
77:9 -
وَإِذَا الْجِبَالُ نُسِفَتْ
Лаьмнаш нисдина дӀасадаьржинчу хенахь‚
77:10 -
وَإِذَا الرُّسُلُ أُقِّتَتْ
Элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь
77:11 -
لِأَيِّ يَوْمٍ أُجِّلَتْ
Муьлхачу денна тӀаьхьатаьттина /элчанийн тешалла/?
77:12 -
لِيَوْمِ الْفَصْلِ
Къастаман денна!
77:13 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الْفَصْلِ
Стено хаийтина хьоьга /хӀай Мухьаммад/‚ хӀун ду и къастаман де?
77:14 -
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна
77:15 -
أَلَمْ نُهْلِكِ الْأَوَّلِينَ
Оха хӀаллак ца бина хьалха хилларш?
77:16 -
ثُمَّ نُتْبِعُهُمُ الْآخِرِينَ
ТӀаккха царна тӀаьхьабохуьйтур бу Оха тӀаьхьахилларш
77:17 -
كَذَٰلِكَ نَفْعَلُ بِالْمُجْرِمِينَ
Иштта /таар/ до Оха къинош леточарна
77:18 -
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна
77:19
Гочдар: Магомед Магомедов