Сурат 79 Ан-назиIат (Схьадохурш), аят 1 – 14
-
وَالنَّازِعَاتِ غَرْقًا
Шаьш нуьцкъала /керстанийн синош/ схьадохучу /маликех/ дуй боу Ас,
79:1 -
وَالنَّاشِطَاتِ نَشْطًا
Шаьш жигара /муъмин нехан синош/ схьаоьцучу /маликех/ дуй боу Ас,
79:2 -
وَالسَّابِحَاتِ سَبْحًا
Нека дечарах, нека дарца а, дуй боу Ас,
79:3 -
فَالسَّابِقَاتِ سَبْقًا
Сихлуш долчарах, сихдаларца, дуй боу Ас,
79:4 -
فَالْمُدَبِّرَاتِ أَمْرًا
/Делан/ омра шен-шен метта дIадоькъучарах /маликех/ а дуй боу Ас:
79:5 -
يَوْمَ تَرْجُفُ الرَّاجِفَةُ
Оцу дийнахь /Iалам/ эгор ду эгочо
79:6 -
تَتْبَعُهَا الرَّادِفَةُ
Цунна тIаьххьо хир ду тIаьхьадогIург
79:7 -
قُلُوبٌ يَوْمَئِذٍ وَاجِفَةٌ
Дегнаш оцу дийнахь /кхераделла/ детталур ду
79:8 -
أَبْصَارُهَا خَاشِعَةٌ
Церан хьежар /шайн ирча хьал гучудаьлча, сийсазадаьлла/ охьатаьа хир ду
79:9 -
يَقُولُونَ أَإِنَّا لَمَرْدُودُونَ فِي الْحَافِرَةِ
Олура цара /дуьненахь болуш, ца бешаш/: 'Вай юхадерзор ду вай схьадаьллачу /дахаре/
79:10 -
أَإِذَا كُنَّا عِظَامًا نَخِرَةً
Вайх хиллачул тIаьхьа яхкаелла даьIахкаш?'
79:11 -
قَالُوا تِلْكَ إِذًا كَرَّةٌ خَاسِرَةٌ
Олура цара: 'Иза хIета пайдабоцу юхадерзар ма ду'
79:12 -
فَإِنَّمَا هِيَ زَجْرَةٌ وَاحِدَةٌ
Баккъалла а, иза беккъа цхьа мохь хир бу. (Исрафил малико сур лакхар.)
79:13 -
فَإِذَا هُمْ بِالسَّاهِرَةِ
Уьш берриге а /денбина/ латта тIехь хир бу
79:14
Гочдар: Магомед Магомедов