Сурат 79 Ан-назиIат (Схьадохурш), аят 15 – 26
-
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ مُوسَىٰ
Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ Мусан хабар?
79:15 -
إِذْ نَادَاهُ رَبُّهُ بِالْوَادِ الْمُقَدَّسِ طُوًى
Цуьнга кхайкхира иза Кхиош-кхобучо ТIува цIе йолчу езачу атагIахь:
79:16 -
اذْهَبْ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ
'Хьада ФирIавна тIе гIо‚ иза тIехваьлла /Делан дозанех/
79:17 -
فَقُلْ هَلْ لَكَ إِلَىٰ أَنْ تَزَكَّىٰ
Ахь āла /цуьнга/: 'Хьо /ширках/ цIанвала дагахь вуй?
79:18 -
وَأَهْدِيَكَ إِلَىٰ رَبِّكَ فَتَخْشَىٰ
Ас нисвийр ву хьо Кхиош-кхобучунна тIе‚ тIаккха кхоьрур ву хьо'. ('Хир ву хьо дика Iамал ечарах.')
79:19 -
فَأَرَاهُ الْآيَةَ الْكُبْرَىٰ
Цо (Мусас) гайтира цуьнга доккха делил (муIжизат‚ бозбуунчалла)
79:20 -
فَكَذَّبَ وَعَصَىٰ
Харцдира /иза ФирIавнас/‚ Iеса велира иза
79:21 -
ثُمَّ أَدْبَرَ يَسْعَىٰ
ТIаккха юхавелира, сихвелла
79:22 -
فَحَشَرَ فَنَادَىٰ
Цо гулбира /бозбуунчаш а‚ шен бIо а/‚ кхайкхира‚
79:23 -
فَقَالَ أَنَا رَبُّكُمُ الْأَعْلَىٰ
Тккха цо элира: 'Со ву вуно лекха волу шу кхиош-кхобуш волу /шун дела/!'
79:24 -
فَأَخَذَهُ اللَّهُ نَكَالَ الْآخِرَةِ وَالْأُولَىٰ
Дала схьалецира иза тIаьххьара /дош бахьанехь/ таIзарций‚ хьалха аьлла /дош бахьанехь/ таIзарций
79:25 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِمَنْ يَخْشَىٰ
Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу /Делах/ кхоьруш волчунна
79:26
Гочдар: Магомед Магомедов