Сурат 79 Ан-назиӀат (Схьадохурш), аят 27 – 46

  1. أَأَنْتُمْ أَشَدُّ خَلْقًا أَمِ السَّمَاءُ ۚ بَنَاهَا

    Шу дара хала /Цунна/ кхолла я стигал яра? Цо хттийна иза!

    79:27
  2. رَفَعَ سَمْكَهَا فَسَوَّاهَا

    Цо айбира цуьнан тхов‚ тӀаккха нисйира /цхьа а гуш ьрг доцуш/

    79:28
  3. وَأَغْطَشَ لَيْلَهَا وَأَخْرَجَ ضُحَاهَا

    Бодане йира цуьнан буьйса‚ схьадаьккхира сатасар

    79:29
  4. وَالْأَرْضَ بَعْدَ ذَٰلِكَ دَحَاهَا

    Латта цул тӀаьхьа даржийра Цо

    79:30
  5. أَخْرَجَ مِنْهَا مَاءَهَا وَمَرْعَاهَا

    Схьадаьккхира цунах хи а‚ дожийлаш а

    79:31
  6. وَالْجِبَالَ أَرْسَاهَا

    Лаьмнаш дуьйгра Цо /латта тӀехь/

    79:32
  7. مَتَاعًا لَكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ

    Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а

    79:33
  8. فَإِذَا جَاءَتِ الطَّامَّةُ الْكُبْرَىٰ

    Боккха бāла беъча,

    79:34
  9. يَوْمَ يَتَذَكَّرُ الْإِنْسَانُ مَا سَعَىٰ

    Оцу дийнахь адамна дагадогӀур ду ша къахьегнарг

    79:35
  10. وَبُرِّزَتِ الْجَحِيمُ لِمَنْ يَرَىٰ

    Гучуйоккхур ю жоьжахати гучунна

    79:36
  11. فَأَمَّا مَنْ طَغَىٰ

    Амма тӀехваьлларг /Делан дозанех/‚

    79:37
  12. وَآثَرَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا

    /Эхартал/дуьненан дахар хаьржинарг

    79:38
  13. فَإِنَّ الْجَحِيمَ هِيَ الْمَأْوَىٰ

    Жоьжахати хир ю цуьнан чугӀойла

    79:39
  14. وَأَمَّا مَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ وَنَهَى النَّفْسَ عَنِ الْهَوَىٰ

    Амма ша Кхиош-кхобучунна хьалха хӀотта кхоьруш хилларг‚ шен дезачух (дуьненан марзонах) шен са а духатоьхнарг

    79:40
  15. فَإِنَّ الْجَنَّةَ هِيَ الْمَأْوَىٰ

    Ялсамани хир ю цуьнан чугӀойла

    79:41
  16. يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا

    Хьоьга хоьтту цара /хӀай Мухьаммад, ца бешаш/ сахьтах‚ маца хир ду иза хӀоттар‚ бохуш‚

    79:42
  17. فِيمَ أَنْتَ مِنْ ذِكْرَاهَا

    Хьуна мичара ду и хьехадан?

    79:43
  18. إِلَىٰ رَبِّكَ مُنْتَهَاهَا

    Хьо Кхиош-кхобучуьнга ю цуьнан чакхе!

    79:44
  19. إِنَّمَا أَنْتَ مُنْذِرُ مَنْ يَخْشَاهَا

    Баккъалла а, хьо кхерамча ву цунах кхоьруш волчунна

    79:45
  20. كَأَنَّهُمْ يَوْمَ يَرَوْنَهَا لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا عَشِيَّةً أَوْ ضُحَاهَا

    Уьш иза шайна гуш долчу дийнахь хир бу шаьш /дуьненахь/ цхьа суьйре я цхьа Ӏуьйре бен ца яьккхинарш санна

    79:46

Гочдар: Магомед Магомедов