Сурат 79 Ан-назиӀат (Схьадохурш), аят 6 – 14

  1. يَوْمَ تَرْجُفُ الرَّاجِفَةُ

    Оцу дийнахь /Ӏалам/ эгор ду эгочо

    79:6
  2. تَتْبَعُهَا الرَّادِفَةُ

    Цунна тӀаьххьо хир ду тӀаьхьадогӀург

    79:7
  3. قُلُوبٌ يَوْمَئِذٍ وَاجِفَةٌ

    Дегнаш оцу дийнахь /кхераделла/ детталур ду

    79:8
  4. أَبْصَارُهَا خَاشِعَةٌ

    Церан хьежар /шайн ирча хьал гучудаьлча, сийсазадаьлла/ охьатаьа хир ду

    79:9
  5. يَقُولُونَ أَإِنَّا لَمَرْدُودُونَ فِي الْحَافِرَةِ

    Олура цара /дуьненахь болуш, ца бешаш/: 'Вай юхадерзор ду вай схьадаьллачу /дахаре/

    79:10
  6. أَإِذَا كُنَّا عِظَامًا نَخِرَةً

    Вайх хиллачул тӀаьхьа яхкаелла даьӀахкаш?'

    79:11
  7. قَالُوا تِلْكَ إِذًا كَرَّةٌ خَاسِرَةٌ

    Олура цара: 'Иза хӀета пайдабоцу юхадерзар ма ду'

    79:12
  8. فَإِنَّمَا هِيَ زَجْرَةٌ وَاحِدَةٌ

    Баккъалла а, иза беккъа цхьа мохь хир бу. (Исрафил малико сур лакхар.)

    79:13
  9. فَإِذَا هُمْ بِالسَّاهِرَةِ

    Уьш берриге а /денбина/ латта тӀехь хир бу

    79:14

Гочдар: Магомед Магомедов