Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 100 – 108

  1. أَوَلَمْ يَهْدِ لِلَّذِينَ يَرِثُونَ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِ أَهْلِهَا أَنْ لَوْ نَشَاءُ أَصَبْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ ۚ وَنَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ

    И латта, шен дай /шайн къинош бахьанехь Дала хллакбинчул/ тьхьа, шайна ирсана кхаьчначарна билгал ца даьлла-те, Оха Тхайна лиъча, шайн къинош бахьанехь шайна таӀзар дийр дуйла? Церан дегний тӀе мухӀар туху Оха – царна ца хеза

    7:100
  2. تِلْكَ الْقُرَىٰ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنْبَائِهَا ۚ وَلَقَدْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا بِمَا كَذَّبُوا مِنْ قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ الْكَافِرِينَ

    Оцу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухӀар туху Дала цатешачеран дегнашна тӀе

    7:101
  3. وَمَا وَجَدْنَا لِأَكْثَرِهِمْ مِنْ عَهْدٍ ۖ وَإِنْ وَجَدْنَا أَكْثَرَهُمْ لَفَاسِقِينَ

    Царах дукхахболчеран Тхуна ца карийра ваӀда кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царах дукхахберш песакъ нах

    7:102
  4. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَظَلَمُوا بِهَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ

    ТӀаккха царал тӀаьхьа ФирӀавна а‚ цуьнан элашна а тӀе Муса вахийтира Оха Тхан аяташца – цаьрца зулам дира цара. Хьажал‚ муха хилла боьханиг дечеран тьхье!

    7:103
  5. وَقَالَ مُوسَىٰ يَا فِرْعَوْنُ إِنِّي رَسُولٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Мусас элира: 'ХӀай ФирӀавн! Баккъалла а, со ву Ӏаламийн Кхиош-кхобучуьнгара элча

    7:104
  6. حَقِيقٌ عَلَىٰ أَنْ لَا أَقُولَ عَلَى اللَّهِ إِلَّا الْحَقَّ ۚ قَدْ جِئْتُكُمْ بِبَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ فَأَرْسِلْ مَعِيَ بَنِي إِسْرَائِيلَ

    Хьакъ ву со Далла тӀехь бакъдерг бен ца āла. Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца дбахкийта Исраилан кӀентий'

    7:105
  7. قَالَ إِنْ كُنْتَ جِئْتَ بِآيَةٍ فَأْتِ بِهَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Цо элира: 'Хьо веана хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарех хиллехь'

    7:106
  8. فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُبِينٌ

    ТӀаккха /Мусас/ шен Ӏаса кхоьссира – цунах билггала текхарг хилира

    7:107
  9. وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاءُ لِلنَّاظِرِينَ

    ТӀаккха цо шен /кисанара/ куьг схьадаьккхира– и хьоьжучарна шурул- кӀайн хилира

    7:108

Гочдар: Магомед Магомедов