Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 107 – 109

  1. فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُبِينٌ

    ТӀаккха /Мусас/ шен Ӏаса кхоьссира – цунах билггала текхарг хилира

    7:107
  2. وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاءُ لِلنَّاظِرِينَ

    ТӀаккха цо шен /кисанара/ куьг схьадаьккхира– и хьоьжучарна шурул- кӀайн хилира

    7:108
  3. قَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِ فِرْعَوْنَ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ

    ФирӀавнан къоман элаша элира: 'Баккъалла а, хӀара ву говза бозбуунча

    7:109

Гочдар: Магомед Магомедов