Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 109 – 126

  1. قَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِ فِرْعَوْنَ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ

    ФирӀавнан къоман элаша элира: 'Баккъалла а, хӀара ву говза бозбуунча

    7:109
  2. يُرِيدُ أَنْ يُخْرِجَكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ ۖ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ

    Шу шайн лаьттара арадāха лууш ву иза – хӀун омра до аш?'

    7:110
  3. قَالُوا أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَأَرْسِلْ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ

    Цара элира: 'Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚ бахийта гӀаланашка гуламхой

    7:111
  4. يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ

    Хьуна тӀе валойла цара массо а говза бозбуунча'

    7:112
  5. وَجَاءَ السَّحَرَةُ فِرْعَوْنَ قَالُوا إِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِنْ كُنَّا نَحْنُ الْغَالِبِينَ

    ФирӀавнан бозбуунчаш баьхкира‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхуна мах хир буй, тхо хиллехь тоьлларш?'

    7:113
  6. قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ لَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ

    Цо (ФирӀавнас) элира: 'ХӀаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарах'

    7:114
  7. قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ نَحْنُ الْمُلْقِينَ

    Цара элира: 'ХӀай Муса! Ахь кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?'

    7:115
  8. قَالَ أَلْقُوا ۖ فَلَمَّا أَلْقَوْا سَحَرُوا أَعْيُنَ النَّاسِ وَاسْتَرْهَبُوهُمْ وَجَاءُوا بِسِحْرٍ عَظِيمٍ

    Цо элира: 'Аш кхосса'. Цара кхоьссича, нехан бӀаьргашна бозбуунчалла хилира‚ чӀогӀа кхерийра цара уьш‚ деза доккха бозбуунчалла деара цара'

    7:116
  9. وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ

    Мусага хаийтира Оха хьайн Ӏаса кхосса‚ аьлла. ТӀаккха цо сихха кхаьллина дӀаяхийтира цара сурт хӀоттийнарг

    7:117
  10. فَوَقَعَ الْحَقُّ وَبَطَلَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг

    7:118
  11. فَغُلِبُوا هُنَالِكَ وَانْقَلَبُوا صَاغِرِينَ

    Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дӀахььвзира уьш

    7:119
  12. وَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ

    Бозбуунчаш суждане охьабахийтира

    7:120
  13. قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ

    Цара элира: 'Оха иман дилли массо а Ӏаламан Кхиош-кхобучуьнга‚

    7:121
  14. رَبِّ مُوسَىٰ وَهَارُونَ

    Мусан а, ХӀарунан а Кхиош-кхобучуьнга'

    7:122
  15. قَالَ فِرْعَوْنُ آمَنْتُمْ بِهِ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَمَكْرٌ مَكَرْتُمُوهُ فِي الْمَدِينَةِ لِتُخْرِجُوا مِنْهَا أَهْلَهَا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ

    ФирӀавнас элира: 'Аш иман дилли цуьнга, ас шайна пурба далале хьалха?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аш шаьш йина гӀалина чуьра нах арабāхархьама‚ тӀаьхьа хуур ду шуна

    7:123
  16. لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ ثُمَّ لَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ

    Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац ас дуьхь-дуьхьала‚ тӀаккха шу дерриге а ирхъухкур ду ас'

    7:124
  17. قَالُوا إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا مُنْقَلِبُونَ

    Цара элира: 'Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дӀадоьрзур ду

    7:125
  18. وَمَا تَنْقِمُ مِنَّا إِلَّا أَنْ آمَنَّا بِآيَاتِ رَبِّنَا لَمَّا جَاءَتْنَا ۚ رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَتَوَفَّنَا مُسْلِمِينَ

    Ахь тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тӀаьхьа. Тхан Кхиош-кхобург! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахь далийталахь (хьуна) муьтхь хилла'

    7:126

Гочдар: Магомед Магомедов