Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 11 – 25

  1. وَلَقَدْ خَلَقْنَاكُمْ ثُمَّ صَوَّرْنَاكُمْ ثُمَّ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ لَمْ يَكُنْ مِنَ السَّاجِدِينَ

    Оха шу кхоьллира‚ тӀаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тӀаккха Оха элира маликашка: 'Сужд де Āдамна!' Цара сужд дира‚ иблис доцчо – и ца хилира сужд дечарах

    7:11
  2. قَالَ مَا مَنَعَكَ أَلَّا تَسْجُدَ إِذْ أَمَرْتُكَ ۖ قَالَ أَنَا خَيْرٌ مِنْهُ خَلَقْتَنِي مِنْ نَارٍ وَخَلَقْتَهُ مِنْ طِينٍ

    Элира /Дала/: 'Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан, Ас хьайга омра дича?' Элира /иблисо/: 'Со дика ду цул (Āдамал). Со кхоьллина Ахь цӀарах‚ и кхоьллина Ахь поппарх'

    7:12
  3. قَالَ فَاهْبِطْ مِنْهَا فَمَا يَكُونُ لَكَ أَنْ تَتَكَبَّرَ فِيهَا فَاخْرُجْ إِنَّكَ مِنَ الصَّاغِرِينَ

    Элира: 'Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо сийсазачарех ду'

    7:13
  4. قَالَ أَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Цо элира: 'Хьем бе сох уьш юха денбийр болу де тӀекхаччалц (къемат де далц ца долийтуш дита со)'

    7:14
  5. قَالَ إِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ

    Элира /Дала/: 'Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къематде далц ца долийтуш)'

    7:15
  6. قَالَ فَبِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأَقْعُدَنَّ لَهُمْ صِرَاطَكَ الْمُسْتَقِيمَ

    Элира /иблисо/: 'Ахь со тилор бахьанехь уьш Хьан нийсачу некъах тило кӀелонна хуур ма ду со

    7:16
  7. ثُمَّ لَآتِيَنَّهُمْ مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ وَعَنْ أَيْمَانِهِمْ وَعَنْ شَمَائِلِهِمْ ۖ وَلَا تَجِدُ أَكْثَرَهُمْ شَاكِرِينَ

    ТӀаккха догӀур ма ду со царна хьалхахула‚ тӀехьахула‚ аьтту агӀорхула‚ аьрру агӀорхула‚ царах дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш'

    7:17
  8. قَالَ اخْرُجْ مِنْهَا مَذْءُومًا مَدْحُورًا ۖ لَمَنْ تَبِعَكَ مِنْهُمْ لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنْكُمْ أَجْمَعِينَ

    Элира /Дала/: 'Арадала цу чуьра (ялсаманера) бехке а хилла‚ къинхетамна генадале. Милла хилахь а царах хьуна тӀаьхьахӀоьттинарг – юзанне а юзонза юьтур ма яц Ас жоьжахати шух массарах а

    7:18
  9. وَيَا آدَمُ اسْكُنْ أَنْتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ فَكُلَا مِنْ حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ

    ХӀай Āдам! Вāха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аш шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гӀолаш хӀокху диттана – тккха зуламхойх хир ду шу шиъ'

    7:19
  10. فَوَسْوَسَ لَهُمَا الشَّيْطَانُ لِيُبْدِيَ لَهُمَا مَا وُورِيَ عَنْهُمَا مِنْ سَوْآتِهِمَا وَقَالَ مَا نَهَاكُمَا رَبُّكُمَا عَنْ هَٰذِهِ الشَّجَرَةِ إِلَّا أَنْ تَكُونَا مَلَكَيْنِ أَوْ تَكُونَا مِنَ الْخَالِدِينَ

    И шиъ Ӏехо доладелира шайтӀа гучуяхархьама царах шиннах хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: 'Шун Кхиош-кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац шух шиннах маликаш ца хилийта а, я шу шиъ гуттар дехачарех ца хилийта а бен'

    7:20
  11. وَقَاسَمَهُمَا إِنِّي لَكُمَا لَمِنَ النَّاصِحِينَ

    Царна шинна дуйнаш биира цо: 'Баккъалла а, со ма ду шуна шинна хьехамча'‚ бохуш

    7:21
  12. فَدَلَّاهُمَا بِغُرُورٍ ۚ فَلَمَّا ذَاقَا الشَّجَرَةَ بَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِنْ وَرَقِ الْجَنَّةِ ۖ وَنَادَاهُمَا رَبُّهُمَا أَلَمْ أَنْهَكُمَا عَنْ تِلْكُمَا الشَّجَرَةِ وَأَقُلْ لَكُمَا إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمَا عَدُوٌّ مُبِينٌ

    И шиъ хо /Делаца харц/ дуйнаш биира цо царна. ТӀаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тӀе ялсаманин гӀаш Ӏитта. Церан Кхиош-кхобучо цу шинга кхайкхира: 'Ас цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Ас шуьга аьлла дацара: шайтӀа шун билгала мостагӀ ма дуй?'

    7:22
  13. قَالَا رَبَّنَا ظَلَمْنَا أَنْفُسَنَا وَإِنْ لَمْ تَغْفِرْ لَنَا وَتَرْحَمْنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Цу шиммо элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан догӀмашна зулам ма дина оха‚ Ахь тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхох къинхетам ца бахь – тхо хиланне а хир ма ду эшначарех'

    7:23
  14. قَالَ اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Элира /Дала/: 'Охьадисса /ялсамани чуьра/‚ шу вовшийн мостагӀий ду. Лаьттахь шуна чӀагӀам а‚ цхьа хан тӀеккхаччалц бахам а хир бу'

    7:24
  15. قَالَ فِيهَا تَحْيَوْنَ وَفِيهَا تَمُوتُونَ وَمِنْهَا تُخْرَجُونَ

    Элира: 'Цу чохь шу кхуьур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу арадохур а ду'

    7:25

Гочдар: Магомед Магомедов