Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 11 – 35

  1. وَلَقَدْ خَلَقْنَاكُمْ ثُمَّ صَوَّرْنَاكُمْ ثُمَّ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ لَمْ يَكُنْ مِنَ السَّاجِدِينَ

    Оха шу кхоьллира‚ тӀаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тӀаккха Оха элира маликашка: 'Сужд де Āдамна!' Цара сужд дира‚ иблис доцчо – и ца хилира сужд дечарах

    7:11
  2. قَالَ مَا مَنَعَكَ أَلَّا تَسْجُدَ إِذْ أَمَرْتُكَ ۖ قَالَ أَنَا خَيْرٌ مِنْهُ خَلَقْتَنِي مِنْ نَارٍ وَخَلَقْتَهُ مِنْ طِينٍ

    Элира /Дала/: 'Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан, Ас хьайга омра дича?' Элира /иблисо/: 'Со дика ду цул (Āдамал). Со кхоьллина Ахь цӀарах‚ и кхоьллина Ахь поппарх'

    7:12
  3. قَالَ فَاهْبِطْ مِنْهَا فَمَا يَكُونُ لَكَ أَنْ تَتَكَبَّرَ فِيهَا فَاخْرُجْ إِنَّكَ مِنَ الصَّاغِرِينَ

    Элира: 'Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо сийсазачарех ду'

    7:13
  4. قَالَ أَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Цо элира: 'Хьем бе сох уьш юха денбийр болу де тӀекхаччалц (къемат де далц ца долийтуш дита со)'

    7:14
  5. قَالَ إِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ

    Элира /Дала/: 'Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къематде далц ца долийтуш)'

    7:15
  6. قَالَ فَبِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأَقْعُدَنَّ لَهُمْ صِرَاطَكَ الْمُسْتَقِيمَ

    Элира /иблисо/: 'Ахь со тилор бахьанехь уьш Хьан нийсачу некъах тило кӀелонна хуур ма ду со

    7:16
  7. ثُمَّ لَآتِيَنَّهُمْ مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ وَعَنْ أَيْمَانِهِمْ وَعَنْ شَمَائِلِهِمْ ۖ وَلَا تَجِدُ أَكْثَرَهُمْ شَاكِرِينَ

    ТӀаккха догӀур ма ду со царна хьалхахула‚ тӀехьахула‚ аьтту агӀорхула‚ аьрру агӀорхула‚ царах дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш'

    7:17
  8. قَالَ اخْرُجْ مِنْهَا مَذْءُومًا مَدْحُورًا ۖ لَمَنْ تَبِعَكَ مِنْهُمْ لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنْكُمْ أَجْمَعِينَ

    Элира /Дала/: 'Арадала цу чуьра (ялсаманера) бехке а хилла‚ къинхетамна генадале. Милла хилахь а царах хьуна тӀаьхьахӀоьттинарг – юзанне а юзонза юьтур ма яц Ас жоьжахати шух массарах а

    7:18
  9. وَيَا آدَمُ اسْكُنْ أَنْتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ فَكُلَا مِنْ حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ

    ХӀай Āдам! Вāха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аш шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гӀолаш хӀокху диттана – тккха зуламхойх хир ду шу шиъ'

    7:19
  10. فَوَسْوَسَ لَهُمَا الشَّيْطَانُ لِيُبْدِيَ لَهُمَا مَا وُورِيَ عَنْهُمَا مِنْ سَوْآتِهِمَا وَقَالَ مَا نَهَاكُمَا رَبُّكُمَا عَنْ هَٰذِهِ الشَّجَرَةِ إِلَّا أَنْ تَكُونَا مَلَكَيْنِ أَوْ تَكُونَا مِنَ الْخَالِدِينَ

    И шиъ Ӏехо доладелира шайтӀа гучуяхархьама царах шиннах хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: 'Шун Кхиош-кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац шух шиннах маликаш ца хилийта а, я шу шиъ гуттар дехачарех ца хилийта а бен'

    7:20
  11. وَقَاسَمَهُمَا إِنِّي لَكُمَا لَمِنَ النَّاصِحِينَ

    Царна шинна дуйнаш биира цо: 'Баккъалла а, со ма ду шуна шинна хьехамча'‚ бохуш

    7:21
  12. فَدَلَّاهُمَا بِغُرُورٍ ۚ فَلَمَّا ذَاقَا الشَّجَرَةَ بَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِنْ وَرَقِ الْجَنَّةِ ۖ وَنَادَاهُمَا رَبُّهُمَا أَلَمْ أَنْهَكُمَا عَنْ تِلْكُمَا الشَّجَرَةِ وَأَقُلْ لَكُمَا إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمَا عَدُوٌّ مُبِينٌ

    И шиъ хо /Делаца харц/ дуйнаш биира цо царна. ТӀаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тӀе ялсаманин гӀаш Ӏитта. Церан Кхиош-кхобучо цу шинга кхайкхира: 'Ас цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Ас шуьга аьлла дацара: шайтӀа шун билгала мостагӀ ма дуй?'

    7:22
  13. قَالَا رَبَّنَا ظَلَمْنَا أَنْفُسَنَا وَإِنْ لَمْ تَغْفِرْ لَنَا وَتَرْحَمْنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Цу шиммо элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан догӀмашна зулам ма дина оха‚ Ахь тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхох къинхетам ца бахь – тхо хиланне а хир ма ду эшначарех'

    7:23
  14. قَالَ اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Элира /Дала/: 'Охьадисса /ялсамани чуьра/‚ шу вовшийн мостагӀий ду. Лаьттахь шуна чӀагӀам а‚ цхьа хан тӀеккхаччалц бахам а хир бу'

    7:24
  15. قَالَ فِيهَا تَحْيَوْنَ وَفِيهَا تَمُوتُونَ وَمِنْهَا تُخْرَجُونَ

    Элира: 'Цу чохь шу кхуьур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу арадохур а ду'

    7:25
  16. يَا بَنِي آدَمَ قَدْ أَنْزَلْنَا عَلَيْكُمْ لِبَاسًا يُوَارِي سَوْآتِكُمْ وَرِيشًا ۖ وَلِبَاسُ التَّقْوَىٰ ذَٰلِكَ خَيْرٌ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

    ХӀай Āдаман кӀентий! Оха доссийна шуна аш шеца эхье меттигаш хьулйе духар а, шу шеца хазлуш долу духар а. /Делах/ кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду уьш хилархьама кхеташ

    7:26
  17. يَا بَنِي آدَمَ لَا يَفْتِنَنَّكُمُ الشَّيْطَانُ كَمَا أَخْرَجَ أَبَوَيْكُمْ مِنَ الْجَنَّةِ يَنْزِعُ عَنْهُمَا لِبَاسَهُمَا لِيُرِيَهُمَا سَوْآتِهِمَا ۗ إِنَّهُ يَرَاكُمْ هُوَ وَقَبِيلُهُ مِنْ حَيْثُ لَا تَرَوْنَهُمْ ۗ إِنَّا جَعَلْنَا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ

    ХӀай Āдаман кӀентий! Шу данне а Ӏеха ма дойла шайтӀано‚ цо шун да-наний ялсаманичуьра арадахаре терра, схьадоккхуш церан шинна тӀера духар царна шинна гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтӀанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьррет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтӀанаш хилийтина цатешачарна доттагӀий (доладийраш)

    7:27
  18. وَإِذَا فَعَلُوا فَاحِشَةً قَالُوا وَجَدْنَا عَلَيْهَا آبَاءَنَا وَاللَّهُ أَمَرَنَا بِهَا ۗ قُلْ إِنَّ اللَّهَ لَا يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاءِ ۖ أَتَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: 'Тхан дай карийна тхуна цунна тӀехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аш олу ткъа Делах лаьцна шайна цахуург?'

    7:28
  19. قُلْ أَمَرَ رَبِّي بِالْقِسْطِ ۖ وَأَقِيمُوا وُجُوهَكُمْ عِنْدَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ ۚ كَمَا بَدَأَكُمْ تَعُودُونَ

    Āла: 'Омра дина сан Кхиош-кхобучо нийсонца‚ хӀоттае шайн яххьаш /Далла тӀе/ хӀор сужд дечу меттигехь а, сужд дечу хенахь а‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цӀандеш /ширках/‚ Цо шу кхолларе терра /лаьттах/‚ юхадоьрзур ду шу /лаьтте, делча къематде далц /'

    7:29
  20. فَرِيقًا هَدَىٰ وَفَرِيقًا حَقَّ عَلَيْهِمُ الضَّلَالَةُ ۗ إِنَّهُمُ اتَّخَذُوا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ مُهْتَدُونَ

    Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тӀехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтӀанех доттагӀий (доладийраш) лаьцна шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду

    7:30
  21. يَا بَنِي آدَمَ خُذُوا زِينَتَكُمْ عِنْدَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَكُلُوا وَاشْرَبُوا وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ

    ХӀай Āдаман кӀентий! Схьаэца шайн хаза духар хӀор сужд дечу меттигахь а, сужд дечу хенахь а (хаза, цӀена духар духа, шаьш ламаз деш а, тӀаваф деш а – хьажцӀенна го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ /шайн хманан/ кхоам бе. Баккъалла а, Далла ца беза /хманан/ кхоам беш боцурш

    7:31
  22. قُلْ مَنْ حَرَّمَ زِينَةَ اللَّهِ الَّتِي أَخْرَجَ لِعِبَادِهِ وَالطَّيِّبَاتِ مِنَ الرِّزْقِ ۚ قُلْ هِيَ لِلَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا خَالِصَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Ахь āла /хӀай Мухьаммад, оцу Маккан керстанашка, шаьш берз-тӀерза КаӀбина тӀаваф деш хилла болчу, Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу/: 'Хьан хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна схьадаьккхина долу‚ рицкъанах а цӀена дерг?' Āла: 'Иза ду иман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа царна долуш къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана'

    7:32
  23. قُلْ إِنَّمَا حَرَّمَ رَبِّيَ الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ وَالْإِثْمَ وَالْبَغْيَ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَأَنْ تُشْرِكُوا بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا وَأَنْ تَقُولُوا عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гӀело яр а‚ аш /Делаца/ накъост лацар а Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аш Далла тӀехь алар а шайна цахуург'

    7:33
  24. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌ ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ لَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ

    ХӀор умматан Ӏожалла ю (тоьхна хан). Шен Ӏожалла тӀееъча, цхьа сахьт тӀаьхьадуьсур а дац и‚ хьалхадер а дац

    7:34
  25. يَا بَنِي آدَمَ إِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ رُسُلٌ مِنْكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي ۙ فَمَنِ اتَّقَىٰ وَأَصْلَحَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    ХӀай Āдаман кӀентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шух шайх‚ шуна дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна – кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац

    7:35

Гочдар: Магомед Магомедов