Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 115 – 126
-
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ نَحْنُ الْمُلْقِينَ
Цара элира: 'ХӀай Муса! Ахь кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?'
7:115 -
قَالَ أَلْقُوا ۖ فَلَمَّا أَلْقَوْا سَحَرُوا أَعْيُنَ النَّاسِ وَاسْتَرْهَبُوهُمْ وَجَاءُوا بِسِحْرٍ عَظِيمٍ
Цо элира: 'Аш кхосса'. Цара кхоьссича, нехан бӀаьргашна бозбуунчалла хилира‚ чӀогӀа кхерийра цара уьш‚ деза доккха бозбуунчалла деара цара'
7:116 -
وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ
Мусага хаийтира Оха хьайн Ӏаса кхосса‚ аьлла. ТӀаккха цо сихха кхаьллина дӀаяхийтира цара сурт хӀоттийнарг
7:117 -
فَوَقَعَ الْحَقُّ وَبَطَلَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг
7:118 -
فَغُلِبُوا هُنَالِكَ وَانْقَلَبُوا صَاغِرِينَ
Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дӀахььвзира уьш
7:119 -
وَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ
Бозбуунчаш суждане охьабахийтира
7:120 -
قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Цара элира: 'Оха иман дилли массо а Ӏаламан Кхиош-кхобучуьнга‚
7:121 -
رَبِّ مُوسَىٰ وَهَارُونَ
Мусан а, ХӀарунан а Кхиош-кхобучуьнга'
7:122 -
قَالَ فِرْعَوْنُ آمَنْتُمْ بِهِ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَمَكْرٌ مَكَرْتُمُوهُ فِي الْمَدِينَةِ لِتُخْرِجُوا مِنْهَا أَهْلَهَا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
ФирӀавнас элира: 'Аш иман дилли цуьнга, ас шайна пурба далале хьалха?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аш шаьш йина гӀалина чуьра нах арабāхархьама‚ тӀаьхьа хуур ду шуна
7:123 -
لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ ثُمَّ لَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац ас дуьхь-дуьхьала‚ тӀаккха шу дерриге а ирхъухкур ду ас'
7:124 -
قَالُوا إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا مُنْقَلِبُونَ
Цара элира: 'Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дӀадоьрзур ду
7:125 -
وَمَا تَنْقِمُ مِنَّا إِلَّا أَنْ آمَنَّا بِآيَاتِ رَبِّنَا لَمَّا جَاءَتْنَا ۚ رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَتَوَفَّنَا مُسْلِمِينَ
Ахь тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тӀаьхьа. Тхан Кхиош-кхобург! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахь далийталахь (хьуна) муьтхь хилла'
7:126
Гочдар: Магомед Магомедов