Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 127 – 129
-
وَقَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِ فِرْعَوْنَ أَتَذَرُ مُوسَىٰ وَقَوْمَهُ لِيُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ وَيَذَرَكَ وَآلِهَتَكَ ۚ قَالَ سَنُقَتِّلُ أَبْنَاءَهُمْ وَنَسْتَحْيِي نِسَاءَهُمْ وَإِنَّا فَوْقَهُمْ قَاهِرُونَ
ФирӀавнан къоман элаша элира: 'Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахь лаьттахь доьхна хӀуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан делий а дӀатаса?' Цо элира: 'ТӀаьхьа вай бойур бу церан кӀентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тӀехь ницкъ болуш ма ду'
7:127 -
قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ اسْتَعِينُوا بِاللَّهِ وَاصْبِرُوا ۖ إِنَّ الْأَرْضَ لِلَّهِ يُورِثُهَا مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ
Мусас шен къоме элира: 'Делаца гӀо лаха аш‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду – Цо ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тӀаьхье /Делах/ кхоьручарна ю'
7:128 -
قَالُوا أُوذِينَا مِنْ قَبْلِ أَنْ تَأْتِيَنَا وَمِنْ بَعْدِ مَا جِئْتَنَا ۚ قَالَ عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يُهْلِكَ عَدُوَّكُمْ وَيَسْتَخْلِفَكُمْ فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ
Цара элира: 'Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вāле а‚ хьо тхоьга веъначул тӀаьхьа а'. Цо элира: 'Шун Кхиош-кхобуш волчо шун мостагӀ хӀаллакван мега‚ лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш – тӀаккха Иза хьожур ву, шу муха мал еш хир ду '
7:129
Гочдар: Магомед Магомедов