Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 130 – 141
-
وَلَقَدْ أَخَذْنَا آلَ فِرْعَوْنَ بِالسِّنِينَ وَنَقْصٍ مِنَ الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
ФирӀавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь /йокъанца/ а‚ стоьмаш эшорца а – цара ойла ян там бара
7:130 -
فَإِذَا جَاءَتْهُمُ الْحَسَنَةُ قَالُوا لَنَا هَٰذِهِ ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَطَّيَّرُوا بِمُوسَىٰ وَمَنْ مَعَهُ ۗ أَلَا إِنَّمَا طَائِرُهُمْ عِنْدَ اللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Шайга диканиг деъча‚ цара олура: 'ХӀара тхуна ду'. Шайх вониг хьакхаделча‚ Мусана а, цуьнца болчарна а т вон туьдура цара и. Сема хилалаш: баккъалла а, царах хьакхалуш дерг (диканиг а, вониг а – дерриге а) Делера ма ду. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу
7:131 -
وَقَالُوا مَهْمَا تَأْتِنَا بِهِ مِنْ آيَةٍ لِتَسْحَرَنَا بِهَا فَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
Цара (ФарӀавнан наха) элира: 'Муьлхха а делил ахь тхуна дāладахь а, тхуна шеца бозбуунчалла дархьама‚ тхо хьох тешар долуш дац хьуна'
7:132 -
فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الطُّوفَانَ وَالْجَرَادَ وَالْقُمَّلَ وَالضَّفَادِعَ وَالدَّمَ آيَاتٍ مُفَصَّلَاتٍ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ
Оха царна тӀехьажийра хи тӀедалар а‚ цӀоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цӀий а къегина делилаш хилла – тӀаккха а куралла йира цара‚ царах хилира къинош деш долу къам
7:133 -
وَلَمَّا وَقَعَ عَلَيْهِمُ الرِّجْزُ قَالُوا يَا مُوسَى ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِنْدَكَ ۖ لَئِنْ كَشَفْتَ عَنَّا الرِّجْزَ لَنُؤْمِنَنَّ لَكَ وَلَنُرْسِلَنَّ مَعَكَ بَنِي إِسْرَائِيلَ
Шайна тӀе Ӏазап доьжча‚ цара элира: 'ХӀай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хъоьца Шен ваӀда хилларг (Ӏазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахь тхуна тӀера хӀара Ӏазап айдахь‚ хьох тешанза а Ӏийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кӀентий а бохкуьйтур ма бу Оха'
7:134 -
فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الرِّجْزَ إِلَىٰ أَجَلٍ هُمْ بَالِغُوهُ إِذَا هُمْ يَنْكُثُونَ
Оха шайна тӀера Ӏазап шаьш /хӀорда бухабохуьйту/ хан тӀекхаччалц айдича, цара шайца бина хилла болу барт бохабо
7:135 -
فَانْتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا عَنْهَا غَافِلِينَ
ТӀаккха Оха цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хӀорда бухабахийтира уьш хиларна Тхан аяташ харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш
7:136 -
وَأَوْرَثْنَا الْقَوْمَ الَّذِينَ كَانُوا يُسْتَضْعَفُونَ مَشَارِقَ الْأَرْضِ وَمَغَارِبَهَا الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا ۖ وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ الْحُسْنَىٰ عَلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ بِمَا صَبَرُوا ۖ وَدَمَّرْنَا مَا كَانَ يَصْنَعُ فِرْعَوْنُ وَقَوْمُهُ وَمَا كَانُوا يَعْرِشُونَ
Оха ирсана елира заьӀап хиллачу къомана шайна чохь/даха/ беркате хилийтина йолу дуьненан малхбаленаш а‚ цуьнан малхбузенаш а. Исраилан кӀенташна тӀехь кхочушхилира хьан Кхиош-кхобучун хаза дош цара собар дарна. Оха дохийна дӀадахийтира ФирӀавнас а‚ цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалахттош хилларг а
7:137 -
وَجَاوَزْنَا بِبَنِي إِسْرَائِيلَ الْبَحْرَ فَأَتَوْا عَلَىٰ قَوْمٍ يَعْكُفُونَ عَلَىٰ أَصْنَامٍ لَهُمْ ۚ قَالُوا يَا مُوسَى اجْعَلْ لَنَا إِلَٰهًا كَمَا لَهُمْ آلِهَةٌ ۚ قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ تَجْهَلُونَ
Оха Исраилан кӀентий хӀорда дехьабехира. ТӀаккха уьш кхечира цхьана шайн цшна Ӏибадат деш долчу къомана тӀе‚ цара (Исраилан кӀенташ) элира: 'ХӀай Муса! Тхуна Дела хилийта, церан делий санна'. Цо (Мусас) элира: 'Баккъалла а, ма жехӀал къам ду-кх шу
7:138 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ مُتَبَّرٌ مَا هُمْ فِيهِ وَبَاطِلٌ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Баккъалла а, хӀорш шаьш хиллачохь хӀаллакьхир бу‚ харц ду цара деш хилларг'
7:139 -
قَالَ أَغَيْرَ اللَّهِ أَبْغِيكُمْ إِلَٰهًا وَهُوَ فَضَّلَكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
Цо (Мусас) элира: 'АллахӀ (цхьа Дела) воцург кхин дела лоху ткъа ас шуна? Цо шу даз ма дина /ниӀматашца/ Ӏаламел
7:140 -
وَإِذْ أَنْجَيْنَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ ۖ يُقَتِّلُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ
Дагадайта /хй Исраилан кнтий/: Цо клхьар ма дехира шу ФирӀавнан доьзалх‚ шуна боьха Ӏазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кӀентий‚ дийна буьтура /шайна бацо/ шун зударий. Шуна цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучуьнгара зер ма ду
7:141
Гочдар: Магомед Магомедов