Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 132 – 133
-
وَقَالُوا مَهْمَا تَأْتِنَا بِهِ مِنْ آيَةٍ لِتَسْحَرَنَا بِهَا فَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
Цара (ФарӀавнан наха) элира: 'Муьлхха а делил ахь тхуна дāладахь а, тхуна шеца бозбуунчалла дархьама‚ тхо хьох тешар долуш дац хьуна'
7:132 -
فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الطُّوفَانَ وَالْجَرَادَ وَالْقُمَّلَ وَالضَّفَادِعَ وَالدَّمَ آيَاتٍ مُفَصَّلَاتٍ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ
Оха царна тӀехьажийра хи тӀедалар а‚ цӀоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цӀий а къегина делилаш хилла – тӀаккха а куралла йира цара‚ царах хилира къинош деш долу къам
7:133
Гочдар: Магомед Магомедов