Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф), аят 133 – 135
-
فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الطُّوفَانَ وَالْجَرَادَ وَالْقُمَّلَ وَالضَّفَادِعَ وَالدَّمَ آيَاتٍ مُفَصَّلَاتٍ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ
Оха царна тIехьажийра хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш хилла – тIаккха а куралла йира цара‚ царах хилира къинош деш долу къам
7:133 -
وَلَمَّا وَقَعَ عَلَيْهِمُ الرِّجْزُ قَالُوا يَا مُوسَى ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِنْدَكَ ۖ لَئِنْ كَشَفْتَ عَنَّا الرِّجْزَ لَنُؤْمِنَنَّ لَكَ وَلَنُرْسِلَنَّ مَعَكَ بَنِي إِسْرَائِيلَ
Шайна тIе Iазап доьжча‚ цара элира: 'ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хъоьца Шен ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахь тхуна тIера хIара Iазап айдахь‚ хьох тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма бу Оха'
7:134 -
فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الرِّجْزَ إِلَىٰ أَجَلٍ هُمْ بَالِغُوهُ إِذَا هُمْ يَنْكُثُونَ
Оха шайна тIера Iазап шаьш /хIорда бухабохуьйту/ хан тIекхаччалц айдича, цара шайца бина хилла болу барт бохабо
7:135
Гочдар: Магомед Магомедов