Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 142 – 144
-
وَوَاعَدْنَا مُوسَىٰ ثَلَاثِينَ لَيْلَةً وَأَتْمَمْنَاهَا بِعَشْرٍ فَتَمَّ مِيقَاتُ رَبِّهِ أَرْبَعِينَ لَيْلَةً ۚ وَقَالَ مُوسَىٰ لِأَخِيهِ هَارُونَ اخْلُفْنِي فِي قَوْمِي وَأَصْلِحْ وَلَا تَتَّبِعْ سَبِيلَ الْمُفْسِدِينَ
ТӀаккха Оха Мусаца ваӀда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочушхилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца. ТӀаккха Мусас элира шен вешига ХӀаруне: 'Сан метта виса сан къомаца‚ маслахьат (диканиг) де‚ боьханиг дечеран новкъа ма хӀотталахь'
7:142 -
وَلَمَّا جَاءَ مُوسَىٰ لِمِيقَاتِنَا وَكَلَّمَهُ رَبُّهُ قَالَ رَبِّ أَرِنِي أَنْظُرْ إِلَيْكَ ۚ قَالَ لَنْ تَرَانِي وَلَٰكِنِ انْظُرْ إِلَى الْجَبَلِ فَإِنِ اسْتَقَرَّ مَكَانَهُ فَسَوْفَ تَرَانِي ۚ فَلَمَّا تَجَلَّىٰ رَبُّهُ لِلْجَبَلِ جَعَلَهُ دَكًّا وَخَرَّ مُوسَىٰ صَعِقًا ۚ فَلَمَّا أَفَاقَ قَالَ سُبْحَانَكَ تُبْتُ إِلَيْكَ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُؤْمِنِينَ
Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ суна Хьуо гайтахь – Хьоьга хьожур вара со!'. Цо элира: 'Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а, хьажахь дӀо ламане‚ цуьнан меттиг чӀагӀлахь – тӀаккха Со гур ву хьуна'. Цуьнан Кхиош-кхобург ламанна гучуваьлча‚ Цо и аьтта дӀабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТӀаккха ша меттавеъча‚ цо элира: 'Хьо вонах цӀанво ас‚ ас тōба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех хьалхарниг'
7:143 -
قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنِّي اصْطَفَيْتُكَ عَلَى النَّاسِ بِرِسَالَاتِي وَبِكَلَامِي فَخُذْ مَا آتَيْتُكَ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ
Цо (Дала) элира: 'ХӀай Муса! Баккъалла а, Ас хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚ дӀалаца Ас хьайга делларг‚ хьо хила шукр дечарех'
7:144
Гочдар: Магомед Магомедов