Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 143 – 145
-
وَلَمَّا جَاءَ مُوسَىٰ لِمِيقَاتِنَا وَكَلَّمَهُ رَبُّهُ قَالَ رَبِّ أَرِنِي أَنْظُرْ إِلَيْكَ ۚ قَالَ لَنْ تَرَانِي وَلَٰكِنِ انْظُرْ إِلَى الْجَبَلِ فَإِنِ اسْتَقَرَّ مَكَانَهُ فَسَوْفَ تَرَانِي ۚ فَلَمَّا تَجَلَّىٰ رَبُّهُ لِلْجَبَلِ جَعَلَهُ دَكًّا وَخَرَّ مُوسَىٰ صَعِقًا ۚ فَلَمَّا أَفَاقَ قَالَ سُبْحَانَكَ تُبْتُ إِلَيْكَ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُؤْمِنِينَ
Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ суна Хьуо гайтахь – Хьоьга хьожур вара со!'. Цо элира: 'Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а, хьажахь дӀо ламане‚ цуьнан меттиг чӀагӀлахь – тӀаккха Со гур ву хьуна'. Цуьнан Кхиош-кхобург ламанна гучуваьлча‚ Цо и аьтта дӀабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТӀаккха ша меттавеъча‚ цо элира: 'Хьо вонах цӀанво ас‚ ас тōба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех хьалхарниг'
7:143 -
قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنِّي اصْطَفَيْتُكَ عَلَى النَّاسِ بِرِسَالَاتِي وَبِكَلَامِي فَخُذْ مَا آتَيْتُكَ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ
Цо (Дала) элира: 'ХӀай Муса! Баккъалла а, Ас хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚ дӀалаца Ас хьайга делларг‚ хьо хила шукр дечарех'
7:144 -
وَكَتَبْنَا لَهُ فِي الْأَلْوَاحِ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ مَوْعِظَةً وَتَفْصِيلًا لِكُلِّ شَيْءٍ فَخُذْهَا بِقُوَّةٍ وَأْمُرْ قَوْمَكَ يَأْخُذُوا بِأَحْسَنِهَا ۚ سَأُرِيكُمْ دَارَ الْفَاسِقِينَ
Оха яздира цунна ардахий (аьнний) чохь хӀор хӀуманах хьехам а‚ хӀор хӀуманна къастор а, /олуш/: 'ДӀаэца и ницкъица‚ хьан къоме а омра де, дӀалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Ас тӀаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цӀа'
7:145
Гочдар: Магомед Магомедов