Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 144 – 146

  1. قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنِّي اصْطَفَيْتُكَ عَلَى النَّاسِ بِرِسَالَاتِي وَبِكَلَامِي فَخُذْ مَا آتَيْتُكَ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    Цо (Дала) элира: 'ХӀай Муса! Баккъалла а, Ас хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚ дӀалаца Ас хьайга делларг‚ хьо хила шукр дечарех'

    7:144
  2. وَكَتَبْنَا لَهُ فِي الْأَلْوَاحِ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ مَوْعِظَةً وَتَفْصِيلًا لِكُلِّ شَيْءٍ فَخُذْهَا بِقُوَّةٍ وَأْمُرْ قَوْمَكَ يَأْخُذُوا بِأَحْسَنِهَا ۚ سَأُرِيكُمْ دَارَ الْفَاسِقِينَ

    Оха яздира цунна ардахий (аьнний) чохь хӀор хӀуманах хьехам а‚ хӀор хӀуманна къастор а, /олуш/: 'ДӀаэца и ницкъица‚ хьан къоме а омра де, дӀалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Ас тӀаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цӀа'

    7:145
  3. سَأَصْرِفُ عَنْ آيَاتِيَ الَّذِينَ يَتَكَبَّرُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَإِنْ يَرَوْا كُلَّ آيَةٍ لَا يُؤْمِنُوا بِهَا وَإِنْ يَرَوْا سَبِيلَ الرُّشْدِ لَا يَتَّخِذُوهُ سَبِيلًا وَإِنْ يَرَوْا سَبِيلَ الْغَيِّ يَتَّخِذُوهُ سَبِيلًا ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا عَنْهَا غَافِلِينَ

    ТӀаьхьа Ас Сан аятех дберзор бу лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш. Муьлхха а делил гича а – цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а – и некъ бой тӀе ца лоцу цара‚ тиларан некъ гича – и некъ бой тӀелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина дела ду‚ уьш царах гӀовпал хилла дела ду

    7:146

Гочдар: Магомед Магомедов