Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 148 – 151

  1. وَاتَّخَذَ قَوْمُ مُوسَىٰ مِنْ بَعْدِهِ مِنْ حُلِيِّهِمْ عِجْلًا جَسَدًا لَهُ خُوَارٌ ۚ أَلَمْ يَرَوْا أَنَّهُ لَا يُكَلِّمُهُمْ وَلَا يَهْدِيهِمْ سَبِيلًا ۘ اتَّخَذُوهُ وَكَانُوا ظَالِمِينَ

    Мусан къомо и /Делаца хабар дийца/ ваханчул тӀаьхьа гӀозарех а‚ мухӀарех эса дира шен дегӀ а‚ аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ /нийсачу/ новкъа а нис ма ца бо цо уьш? Цара и лецира / Дела а витина, Ӏибадат дан/, – уьш зуламхой хилира

    7:148
  2. وَلَمَّا سُقِطَ فِي أَيْدِيهِمْ وَرَأَوْا أَنَّهُمْ قَدْ ضَلُّوا قَالُوا لَئِنْ لَمْ يَرْحَمْنَا رَبُّنَا وَيَغْفِرْ لَنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    ТӀаккха уьш дохкобевлла‚ хӀун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара элира: 'Вай Кхиош-кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь – вай хиланне а хир ма ду эшначарах'

    7:149
  3. وَلَمَّا رَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا قَالَ بِئْسَمَا خَلَفْتُمُونِي مِنْ بَعْدِي ۖ أَعَجِلْتُمْ أَمْرَ رَبِّكُمْ ۖ وَأَلْقَى الْأَلْوَاحَ وَأَخَذَ بِرَأْسِ أَخِيهِ يَجُرُّهُ إِلَيْهِ ۚ قَالَ ابْنَ أُمَّ إِنَّ الْقَوْمَ اسْتَضْعَفُونِي وَكَادُوا يَقْتُلُونَنِي فَلَا تُشْمِتْ بِيَ الْأَعْدَاءَ وَلَا تَجْعَلْنِي مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Муса шен къомана тӀе юхавирзича‚ ша оьгӀазвахана‚ чӀогӀа пошме хилла‚ элира: 'Ма вон хӀума ду-кх аш суна кхоьллинарг сол тӀаьхьа (со воцуш). Сихлой ткъа шайн Кхиош-кхобучун гӀуллакхехь?' Шегара аннаш охьакхиссира цо‚ шен вешин корта (-н месаш) шена тӀе озийра цо. Элира /ХӀаруна/: 'ХӀай сан ненан кӀант! Цу къомо со заьӀап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагӀий баккхий ма белахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со'

    7:150
  4. قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِأَخِي وَأَدْخِلْنَا فِي رَحْمَتِكَ ۖ وَأَنْتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ

    Элира /Мусас/: 'Со Кхиош-кхобург! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг'

    7:151

Гочдар: Магомед Магомедов