Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 150 – 154
-
وَلَمَّا رَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا قَالَ بِئْسَمَا خَلَفْتُمُونِي مِنْ بَعْدِي ۖ أَعَجِلْتُمْ أَمْرَ رَبِّكُمْ ۖ وَأَلْقَى الْأَلْوَاحَ وَأَخَذَ بِرَأْسِ أَخِيهِ يَجُرُّهُ إِلَيْهِ ۚ قَالَ ابْنَ أُمَّ إِنَّ الْقَوْمَ اسْتَضْعَفُونِي وَكَادُوا يَقْتُلُونَنِي فَلَا تُشْمِتْ بِيَ الْأَعْدَاءَ وَلَا تَجْعَلْنِي مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Муса шен къомана тӀе юхавирзича‚ ша оьгӀазвахана‚ чӀогӀа пошме хилла‚ элира: 'Ма вон хӀума ду-кх аш суна кхоьллинарг сол тӀаьхьа (со воцуш). Сихлой ткъа шайн Кхиош-кхобучун гӀуллакхехь?' Шегара аннаш охьакхиссира цо‚ шен вешин корта (-н месаш) шена тӀе озийра цо. Элира /ХӀаруна/: 'ХӀай сан ненан кӀант! Цу къомо со заьӀап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагӀий баккхий ма белахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со'
7:150 -
قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِأَخِي وَأَدْخِلْنَا فِي رَحْمَتِكَ ۖ وَأَنْتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
Элира /Мусас/: 'Со Кхиош-кхобург! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг'
7:151 -
إِنَّ الَّذِينَ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ سَيَنَالُهُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَذِلَّةٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُفْتَرِينَ
Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-кхобучуьнгара оьгӀазло кхуьур ма ю царах‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна
7:152 -
وَالَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ ثُمَّ تَابُوا مِنْ بَعْدِهَا وَآمَنُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
Вониг (къинош) динарш‚ тӀаккха цул тӀаьхьа тōба а дина, иман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тӀаьхьа /царна/ гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву
7:153 -
وَلَمَّا سَكَتَ عَنْ مُوسَى الْغَضَبُ أَخَذَ الْأَلْوَاحَ ۖ وَفِي نُسْخَتِهَا هُدًى وَرَحْمَةٌ لِلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ
Муса оьгӀазаллах ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна
7:154
Гочдар: Магомед Магомедов