Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 152 – 157
-
إِنَّ الَّذِينَ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ سَيَنَالُهُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَذِلَّةٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُفْتَرِينَ
Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-кхобучуьнгара оьгӀазло кхуьур ма ю царах‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна
7:152 -
وَالَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ ثُمَّ تَابُوا مِنْ بَعْدِهَا وَآمَنُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
Вониг (къинош) динарш‚ тӀаккха цул тӀаьхьа тōба а дина, иман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тӀаьхьа /царна/ гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву
7:153 -
وَلَمَّا سَكَتَ عَنْ مُوسَى الْغَضَبُ أَخَذَ الْأَلْوَاحَ ۖ وَفِي نُسْخَتِهَا هُدًى وَرَحْمَةٌ لِلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ
Муса оьгӀазаллах ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна
7:154 -
وَاخْتَارَ مُوسَىٰ قَوْمَهُ سَبْعِينَ رَجُلًا لِمِيقَاتِنَا ۖ فَلَمَّا أَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ قَالَ رَبِّ لَوْ شِئْتَ أَهْلَكْتَهُمْ مِنْ قَبْلُ وَإِيَّايَ ۖ أَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ السُّفَهَاءُ مِنَّا ۖ إِنْ هِيَ إِلَّا فِتْنَتُكَ تُضِلُّ بِهَا مَنْ تَشَاءُ وَتَهْدِي مَنْ تَشَاءُ ۖ أَنْتَ وَلِيُّنَا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا ۖ وَأَنْتَ خَيْرُ الْغَافِرِينَ
Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьанакхетарна. ТӀаккха чӀогӀачу латталастаро уьш схьалецча‚ цо элира: 'Со Кхиошкхобург‚ Хьайна лиъна хиллехьара, Ахь хьалха хӀаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хӀаллакдо Ахь тхох /цхьаболчу/ Ӏовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахь шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг (вали)‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх уггар дика гечдийриг
7:155 -
وَاكْتُبْ لَنَا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الْآخِرَةِ إِنَّا هُدْنَا إِلَيْكَ ۚ قَالَ عَذَابِي أُصِيبُ بِهِ مَنْ أَشَاءُ ۖ وَرَحْمَتِي وَسِعَتْ كُلَّ شَيْءٍ ۚ فَسَأَكْتُبُهَا لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِنَا يُؤْمِنُونَ
Яздехьа тхуна хӀокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх Хьоьга'. Цо /Дала/ элира: 'Сан Ӏазап Ас кхиор ду Сайна луучух‚ Сан къинхетамо массо а хӀума шена чулаьцна – тӀаьхьа Ас дӀаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/ кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна
7:156 -
الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الرَّسُولَ النَّبِيَّ الْأُمِّيَّ الَّذِي يَجِدُونَهُ مَكْتُوبًا عِنْدَهُمْ فِي التَّوْرَاةِ وَالْإِنْجِيلِ يَأْمُرُهُمْ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَاهُمْ عَنِ الْمُنْكَرِ وَيُحِلُّ لَهُمُ الطَّيِّبَاتِ وَيُحَرِّمُ عَلَيْهِمُ الْخَبَائِثَ وَيَضَعُ عَنْهُمْ إِصْرَهُمْ وَالْأَغْلَالَ الَّتِي كَانَتْ عَلَيْهِمْ ۚ فَالَّذِينَ آمَنُوا بِهِ وَعَزَّرُوهُ وَنَصَرُوهُ وَاتَّبَعُوا النُّورَ الَّذِي أُنْزِلَ مَعَهُ ۙ أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш тӀаьхьахӀуьттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу‚ шех лаьцна яздина шайна карош шайн гергахь Таврата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна 'Диканиг де!' олуш волу‚ вочух уьш духатухуш волу‚ цӀена дерг царна хьанал деш волу‚ боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тӀера деза хӀуманаш а‚ буржолаш а ша дӀадохуш волу. Цунах тешнарш‚ и лийринарш‚ цунна гӀо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана (Къуръанна) тӀаьхьахӀиттинарш – уьш бу баккхийбуьйр берш
7:157
Гочдар: Магомед Магомедов