Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 154 – 155

  1. وَلَمَّا سَكَتَ عَنْ مُوسَى الْغَضَبُ أَخَذَ الْأَلْوَاحَ ۖ وَفِي نُسْخَتِهَا هُدًى وَرَحْمَةٌ لِلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ

    Муса оьгӀазаллах ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна

    7:154
  2. وَاخْتَارَ مُوسَىٰ قَوْمَهُ سَبْعِينَ رَجُلًا لِمِيقَاتِنَا ۖ فَلَمَّا أَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ قَالَ رَبِّ لَوْ شِئْتَ أَهْلَكْتَهُمْ مِنْ قَبْلُ وَإِيَّايَ ۖ أَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ السُّفَهَاءُ مِنَّا ۖ إِنْ هِيَ إِلَّا فِتْنَتُكَ تُضِلُّ بِهَا مَنْ تَشَاءُ وَتَهْدِي مَنْ تَشَاءُ ۖ أَنْتَ وَلِيُّنَا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا ۖ وَأَنْتَ خَيْرُ الْغَافِرِينَ

    Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьанакхетарна. ТӀаккха чӀогӀачу латталастаро уьш схьалецча‚ цо элира: 'Со Кхиошкхобург‚ Хьайна лиъна хиллехьара, Ахь хьалха хӀаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хӀаллакдо Ахь тхох /цхьаболчу/ Ӏовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахь шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг (вали)‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх уггар дика гечдийриг

    7:155

Гочдар: Магомед Магомедов