Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 158 – 162
-
قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ جَمِيعًا الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ النَّبِيِّ الْأُمِّيِّ الَّذِي يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَكَلِمَاتِهِ وَاتَّبِعُوهُ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Ахь āла: 'ХӀай нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга а‚ Иза ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьлла Шен долахь дерг. Кхин дела вац И воцург ‚ /массо са долу хма а, нах а/ денбо Цо‚ болуьйту Цо. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТӀаьхьахӀитта цунна – шу нийсачу новкъа довла там бара'
7:158 -
وَمِنْ قَوْمِ مُوسَىٰ أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ
Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тӀе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу
7:159 -
وَقَطَّعْنَاهُمُ اثْنَتَيْ عَشْرَةَ أَسْبَاطًا أُمَمًا ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ إِذِ اسْتَسْقَاهُ قَوْمُهُ أَنِ اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْحَجَرَ ۖ فَانْبَجَسَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَشْرَبَهُمْ ۚ وَظَلَّلْنَا عَلَيْهِمُ الْغَمَامَ وَأَنْزَلْنَا عَلَيْهِمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ ۚ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Оха уьш (Исраилан кӀентий) бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха, иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь, 'хьан Ӏаса тоха тӀулгах'‚ аьлла. ТӀаккха шийтта хьоста схьаделира цунах. ХӀор некъенна (тобанна) шен хи молу меттиг хиира. Оха царна ӀиндагӀ (салкха) дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а – даа Оха шайна деллачу рицкъих цӀенадерг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш
7:160 -
وَإِذْ قِيلَ لَهُمُ اسْكُنُوا هَٰذِهِ الْقَرْيَةَ وَكُلُوا مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ وَقُولُوا حِطَّةٌ وَادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا نَغْفِرْ لَكُمْ خَطِيئَاتِكُمْ ۚ سَنَزِيدُ الْمُحْسِنِينَ
Дагадаийта цаьрга аьлла хилар: 'ХӀокху юьртахь дāха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аш āла: '/Тхан къинош/ ддайар /доьху оха Деле/!'‚ неӀарехула чоьхьадовла, сужд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гӀалаташ. ТӀаьхьа Оха алсамбохур бу диканиг деш берш'
7:161 -
فَبَدَّلَ الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ قَوْلًا غَيْرَ الَّذِي قِيلَ لَهُمْ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِجْزًا مِنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَظْلِمُونَ
Царах зулам диначара хийцира дош шайга аьлла доцучуьнца. ТӀаккха Оха царна тӀе стиглара Ӏазап доссийра уьш зулам деш хиларна
7:162
Гочдар: Магомед Магомедов