Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 159 – 160

  1. وَمِنْ قَوْمِ مُوسَىٰ أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ

    Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тӀе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу

    7:159
  2. وَقَطَّعْنَاهُمُ اثْنَتَيْ عَشْرَةَ أَسْبَاطًا أُمَمًا ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ إِذِ اسْتَسْقَاهُ قَوْمُهُ أَنِ اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْحَجَرَ ۖ فَانْبَجَسَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَشْرَبَهُمْ ۚ وَظَلَّلْنَا عَلَيْهِمُ الْغَمَامَ وَأَنْزَلْنَا عَلَيْهِمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ ۚ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Оха уьш (Исраилан кӀентий) бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха, иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь, 'хьан Ӏаса тоха тӀулгах'‚ аьлла. ТӀаккха шийтта хьоста схьаделира цунах. ХӀор некъенна (тобанна) шен хи молу меттиг хиира. Оха царна ӀиндагӀ (салкха) дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а – даа Оха шайна деллачу рицкъих цӀенадерг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш

    7:160

Гочдар: Магомед Магомедов