Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 163 – 171

  1. وَاسْأَلْهُمْ عَنِ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَتْ حَاضِرَةَ الْبَحْرِ إِذْ يَعْدُونَ فِي السَّبْتِ إِذْ تَأْتِيهِمْ حِيتَانُهُمْ يَوْمَ سَبْتِهِمْ شُرَّعًا وَيَوْمَ لَا يَسْبِتُونَ ۙ لَا تَأْتِيهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ نَبْلُوهُمْ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Хаттал цаьрга хӀордана уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш /Делан/ дозанех бевлира шотдийнахь‚ царна чӀерий догӀура гучудовлий церан шотдийнахь‚ церан шотде доцуш царна ца догӀура уьш (чӀерий) – иштта балане лецира Оха уьш шаьш песакъ хиларна

    7:163
  2. وَإِذْ قَالَتْ أُمَّةٌ مِنْهُمْ لِمَ تَعِظُونَ قَوْمًا ۙ اللَّهُ مُهْلِكُهُمْ أَوْ مُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ قَالُوا مَعْذِرَةً إِلَىٰ رَبِّكُمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ

    Царах цхьана тобано аьллера /хьехам бечаьрга/: “Аш хӀунда хьехам бо нахана‚ шаьш Дала хӀаллакбийр болчу‚ я Цо шайна чӀогӀачу Ӏазапца Ӏазап дийриг долчу?” Цара элира: 'Шун Кхиош-кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама а /Далла салла ярах / кхоьруш'

    7:164
  3. فَلَمَّا نَسُوا مَا ذُكِّرُوا بِهِ أَنْجَيْنَا الَّذِينَ يَنْهَوْنَ عَنِ السُّوءِ وَأَخَذْنَا الَّذِينَ ظَلَمُوا بِعَذَابٍ بَئِيسٍ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Цара шайга хьехийнарг дицдича‚ Оха кӀелхьарбехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш. Зулам динарш Оха схьалецира ирчачу Ӏазапца уьш песакъ хиларна

    7:165
  4. فَلَمَّا عَتَوْا عَنْ مَا نُهُوا عَنْهُ قُلْنَا لَهُمْ كُونُوا قِرَدَةً خَاسِئِينَ

    Цара тергал ца дича Оха шаьш шех духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: 'Хила шух сийсаза маймалш'

    7:166
  5. وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكَ لَيَبْعَثَنَّ عَلَيْهِمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ يَسُومُهُمْ سُوءَ الْعَذَابِ ۗ إِنَّ رَبَّكَ لَسَرِيعُ الْعِقَابِ ۖ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    Хьан Кхиош-кхобучо дӀахаийтира ша царна (жуьгташна) тӀе хьежонне а хьежор бу къематде кхаччалц царна луьра Ӏазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиханиг ву таӀзар дарехь‚ Иза – гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    7:167
  6. وَقَطَّعْنَاهُمْ فِي الْأَرْضِ أُمَمًا ۖ مِنْهُمُ الصَّالِحُونَ وَمِنْهُمْ دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَبَلَوْنَاهُمْ بِالْحَسَنَاتِ وَالسَّيِّئَاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Оха бийкъира уьш (жуьгтий) лаьттахь тобанашка – царах диканаш а бу‚ царах уьш боцурш а бу. Оха уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а: уьш юхабоьрзур бацара-те /Далла тӀе/

    7:168
  7. فَخَلَفَ مِنْ بَعْدِهِمْ خَلْفٌ وَرِثُوا الْكِتَابَ يَأْخُذُونَ عَرَضَ هَٰذَا الْأَدْنَىٰ وَيَقُولُونَ سَيُغْفَرُ لَنَا وَإِنْ يَأْتِهِمْ عَرَضٌ مِثْلُهُ يَأْخُذُوهُ ۚ أَلَمْ يُؤْخَذْ عَلَيْهِمْ مِيثَاقُ الْكِتَابِ أَنْ لَا يَقُولُوا عَلَى اللَّهِ إِلَّا الْحَقَّ وَدَرَسُوا مَا فِيهِ ۗ وَالدَّارُ الْآخِرَةُ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Царал тӀаьхьа кхин тӀаьхье хилира‚ жайна ирсана кхечира цаьрга‚ хӀокху дуьненан бахам оьцура цара‚ олура: 'Вайна-м гечдийр дай'. Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча – иза а оьцур бара цара. Ткъа жайнан чӀагӀо ца хиллера царна тӀехь‚ цара Далла тӀехь бакъдерг бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Ӏамийна ма дара? Эхартан цӀа тоьлуш ма ду шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ шу хьекъале ца хуьлу?

    7:169
  8. وَالَّذِينَ يُمَسِّكُونَ بِالْكِتَابِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ إِنَّا لَا نُضِيعُ أَجْرَ الْمُصْلِحِينَ

    Шаьш жайнаца чгелларш (цо бохург деш)‚ ламаз хӀоттийнарш, – баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран мēла

    7:170
  9. وَإِذْ نَتَقْنَا الْجَبَلَ فَوْقَهُمْ كَأَنَّهُ ظُلَّةٌ وَظَنُّوا أَنَّهُ وَاقِعٌ بِهِمْ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاذْكُرُوا مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    Царна тӀехь лам айбира Оха‚ ша тӀейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура и шайна тӀеюжуш ю. /Оха элира/: 'ДӀалаца Оха шайна делларг ницкъица‚ хьехаде цу чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш!'

    7:171

Гочдар: Магомед Магомедов