Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 172 – 181

  1. وَإِذْ أَخَذَ رَبُّكَ مِنْ بَنِي آدَمَ مِنْ ظُهُورِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَأَشْهَدَهُمْ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ أَلَسْتُ بِرَبِّكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ ۛ شَهِدْنَا ۛ أَنْ تَقُولُوا يَوْمَ الْقِيَامَةِ إِنَّا كُنَّا عَنْ هَٰذَا غَافِلِينَ

    Хьахаде хьан Кхиош-кхобучо Āдаман кӀентех – церан баккъех церан зуьррет схьадаккхар‚ тӀаккха шайна тӀехь уьш тешаш хӀоттор: 'Со вац ткъа шун Кхиош-кхобург'‚ аьлла. Цара ма элира: 'ХӀаъ! Оха тешалла дина'. /Иза ду/ аш къематдийнахь эриг хиларна: 'Баккъалла а, тхо цунах гӀовпал ма хили'

    7:172
  2. أَوْ تَقُولُوا إِنَّمَا أَشْرَكَ آبَاؤُنَا مِنْ قَبْلُ وَكُنَّا ذُرِّيَّةً مِنْ بَعْدِهِمْ ۖ أَفَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ الْمُبْطِلُونَ

    Я аш эриг хиларна: 'Тхан дайша ширк дира хьалха‚ тхох хилира царал тӀаьхьа зуьррет‚ Ахь хӀаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьнехь?'

    7:173
  3. وَكَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ وَلَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Иштта къастадо Оха аяташ – уьш юхабоьрзур бацара-те /къинош дарах/

    7:174
  4. وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ الَّذِي آتَيْنَاهُ آيَاتِنَا فَانْسَلَخَ مِنْهَا فَأَتْبَعَهُ الشَّيْطَانُ فَكَانَ مِنَ الْغَاوِينَ

    Дийцал царна Оха шена Тхан аяташ делла, тӀаккха уьш дӀатесначун хабар‚ тӀаккха шайтӀано шена тӀаьхьавазийра и‚ тилабеллачарах хилира иза

    7:175
  5. وَلَوْ شِئْنَا لَرَفَعْنَاهُ بِهَا وَلَٰكِنَّهُ أَخْلَدَ إِلَى الْأَرْضِ وَاتَّبَعَ هَوَاهُ ۚ فَمَثَلُهُ كَمَثَلِ الْكَلْبِ إِنْ تَحْمِلْ عَلَيْهِ يَلْهَثْ أَوْ تَتْرُكْهُ يَلْهَثْ ۚ ذَٰلِكَ مَثَلُ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۚ فَاقْصُصِ الْقَصَصَ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ

    Тхуна лиънехьара, Оха цаьрца айвира вара иза‚ делахь а, дуьнена тӀе тевжира иза‚ шен дезаршна тӀаьхьавезира. Цуьнан масал жӀаьлин масалх тера ду: хьо шена тӀаьхьа ваьлча, мотт аракхуссу цо‚ я ахь ша дитича а, мотт аракхуссу цо. И ду тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара

    7:176
  6. سَاءَ مَثَلًا الْقَوْمُ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَأَنْفُسَهُمْ كَانُوا يَظْلِمُونَ

    Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца – шайна зулам деш хилла уьш

    7:177
  7. مَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِي ۖ وَمَنْ يُضْلِلْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Ша Дала нисвеш верг нийсавелларг ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, – уьш бу эшнарш

    7:178
  8. وَلَقَدْ ذَرَأْنَا لِجَهَنَّمَ كَثِيرًا مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ لَهُمْ قُلُوبٌ لَا يَفْقَهُونَ بِهَا وَلَهُمْ أَعْيُنٌ لَا يُبْصِرُونَ بِهَا وَلَهُمْ آذَانٌ لَا يَسْمَعُونَ بِهَا ۚ أُولَٰئِكَ كَالْأَنْعَامِ بَلْ هُمْ أَضَلُّ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ

    Оха кхиина жоьжахатина дуккха джинаш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бӀаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХӀаъ! Царал а тилабелла бу! Уьш бу-кх гӀовпал хилларш

    7:179
  9. وَلِلَّهِ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ فَادْعُوهُ بِهَا ۖ وَذَرُوا الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي أَسْمَائِهِ ۚ سَيُجْزَوْنَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Делан ю хаза цӀерш – кхайкха аш Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цӀерш харцъеш берш. ТӀаьхьа шаьш динчуьнца бекхам хир бу царна

    7:180
  10. وَمِمَّنْ خَلَقْنَا أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ

    Оха кхоьллинчарах ду уммат‚ ша бакъдолчунна тӀе /нах/ нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу (цӀена бусалба уммат ду иза)

    7:181

Гочдар: Магомед Магомедов